— Иза а бакъ ду, — элира цо. — Тхан лулахь, нохчийн кхечу доьзалехь, кхуьуш вара, и санна мацаллех бевддачех волу, Анатолий Сурупин. Цунна, ша кхаьбначу хIусаман ден йоI Зебила йезайелира. Зебилин дас иза ца йахийтира цуьнга: йуккъехь хIинца кхолладелла вошалла ду аьлла. Цул тIаьхьа Анатолий тхан Людмилина тIаьхьавелира, цо и йехча, оха йахийтира иза цуьнга. Анатолийс резахилла дIайигира иза, амма… хIетте а, шен даг чохь Зебилин дена дуьхьал гамо кIоргге хьулйина хиллера цо…
— ТIаккха? — самсабелира Кериман тидам…
Бакар, цкъа ойла йеш, можа бIаьргнегIарш охьа а дийшина, соцунгIа а хилла, тIаккха хецца, дийца велира, Кериман хеттаршка а ца хьоьжуш:
— Анатолий дукха хан йалале цигарчу районан милици балха вахара, кестта НКВД-е а ваьккхира иза. ТIаккха… схьахазарехь, цуьнан гIоьнца, Зебилин да, кулак а вина, йоккха йукъ ца йулуш, бахамах вохийра. Бакъду, цIахь-м висира и, Сибрех ца вохуьйтуш. Амма хьиэ ца луш тIекхечира 1937-гIа шо… Анатолийс шен дог Iабийра…
Йуха а Бакара, соцунгIа хилла, ойлане охьадахийтира баьргнегIарш. Кериман тидам кхин а сакхбелира. «Ша ма вели хIара-м хIинца 1937-чу шарах лаьцна долчу дийцарийн новкъа… Кхерч ша-шax лети… ХIинца шен-шен хенахь цхьацца чIеш кхе тийса со ларийчхьана», — дагатесира Керимна.
— ТIаккха? — йуха а дайн хаьттира Керима.
— Ша дена бина бекхам ца тоьура цунна? Миччара!.. Иза а, цуьнан ваша а, шича а, Зебила йигнарг а — берриш дIалахьийра…
— И дан аьтто муха нисбелла цуьнан? Iедал а ма ду…
— Хилча хIун ду… 37-чу шарахь? ХIетахь НКВД-с шена луъург ма дора. ХIетахь Сталина йаккхий таронаш ма йеллера НКВД-на…
Керим хIинца майравелира:
— Бакар, — элира цо, серлайаьллачу йуьхьца, — хьоьга и хатта дагахь а долуш, амма ца хIуттуш Iара со хIинццалц, дийцахьа, делхьа, хIинца, мукъна, тахана и дийцарх хила хIума а дацара, — мича бахьнина долийра хIетахь бехк а боцу и нах таппашца дIалецар а, байар а? Хьанна оьшура и? Муха дIахьора аша хIетахь иза? Дийцахьа: хьо-х оцу йуккъехь ваьллина ву!
— Гой хьуна, и хьанна пайдехь, хьанна оьшуш долийра, суна а ца хаьа. Амма иза хIетахь дIа муха хьора гина ву со… И дерриге хIетахь баккъал а бакъ долчу суьртахь схьакхийдадора тхуна Москвара дуьйна, — цхьана а шеконе и дилла бакъо ца йуьтуш.
Москвара схьавогIура воккха хьаькам — йуьхьенгахь Ежовн цIарах, тIаккха Берияс воуьйтий. Меттигера НКВД-н хьаькамаш чу а гулбой, тхан лакхарчу хьаькаме шен бакъонаш дIа а гойтий, олура:
— Центрехь оха «оццул» подпольни антисоветски организацеш гучуйаьхна, «оццул» членаш шайна йуккъехь а болуш. Талламо гайтина церан цхьайолу зIенаш кхузахьа а схьакхочуш хилар. Лецначара схьадийцарехь, шун кхузахь а бу къайлаха дIатебна Iаш, цаьрца уьйраш а йогIуш, мел кIелхьара а «йалх эзар» сов (йа кхин терахь олура) советан мостагIий… Уьш аша, Iора а баьхна, новкъара дIабаха беза. И шун декхар ду. Шуна хьалхара иза оха центрехь дан деза моьттург гIалат ву. Центро и гIуллакх кхочушдан шуна кхо бутт хан ло… Йа: «йалх бутт», — олура наггахь. Цу тайпана къамел а дой, иза дIавоьдура. Тхан хьаькамо, тIаккха, массо а вайн районашкара НКВД-н куьйгалхой шена тIе схьа а гулбой, и «йалх эзар» «советан мостагI» воькъура царна йуккъехь, налог санна, xIop районна а шен-шен терахь кхачош. Белахь а, бацахь а и мостаIий кхолла безаш хуьлура… Иштта цхьа мур чекхбаьлча, кестта цунна тIаьххье, цунах тера, кхин цхьа мур а схьа тIекхочура, адамаш охьучу хьеран тIулг саца ца буьтуш, «мостагIийн терахь» тIеттIа совдохуш.