Светлый фон

— Ой-н!.. — корта ластийра Керима, — шун чекисташна йуккъехь вацара цхьа а законехь доцург муьста хеташ?

— Муха вацара? Вара, хьаха: Ахьмад Межиев… Алак Ибрагимов… Рудаков… Кхин а… Шаьш байарх кхаъ оьцур боцуш, законехь доцург шайгара долуьйтур доцуш а… Амма царна а ма гора: бага гIаттийнарг, бех а вой, къайлавоккхура… Кхин цхьа хIума а ма дара, уьш а, уьш санна берш а, совцош: органашкахь даима а ма ю воински дисциплина: лакхарчо аьлларг бухарчунна закон долуш! Оцу бахьаница а ма белира Сталинан аьтто ерриге НКВД шена кIел хьарчо.

— Сила долу и законехь доцурш юха законан суьртахь нисдан а муха кхуьура?

— Ца кхуьура… Цхьа а ма дацара, царех хIетахь законца нисдина ду моьттурш а, Баккъал а дуьззинчу законехь нисдина: ерриге а и цхьа беззаконие яра-кх… Хьажал: прокурорера санкци хила еза, стаг лацале, амма и хIетахь йоккхура, стаг хьалха чу а вуллий. Ткъа прокуроро зуламхо чуволла санкци яла еза, масала, стеган бехк, бух боллуш, гучабаьккхина белахь, шиъ бакъ волу теш а, царел сов кхин а гуш йолу билгалонаш а йолуш. Амма хIетахь прокуроро шен санкци дIалора, НКВД-с ма-йиххи, цхьа а гуш йолу бехкан билгалонаш цахиларх. Юха, — суьдан меттан кхиэл а хьан йора? Цхьамма а хаьржина а йоцчу, цхьанна а хIун ю а ца хуучу «Тройканаша», я «особи совещанис»… Цхьа а защита йоцуш, я цхьа бакъо а йоцуш. Ткъа хIетахь бакъо хIун лорура? Цхьа а бехк банне а боцчо шен боцчу бехкенна даредар. Ткъа иза цаьрга дойтура: даре ца дечу «мостагIашна» цара даредаллалц ницкъбан бакъо а еллера!

— Муха? ХIун дора? Дийцахьа! — Керимна оцунах лаьцна дуккха а хезнехь а, хIинца кхуьнгахула ма-дарра дерг а хаа лаьара.

— Муха?.. Йеттара!.. ГIибавоккхуш! ЦIарнех герканаш ухкура!.. БIаьргашна дуьхьал тIех сирла лампанаш йагайора!.. Наб ца йойтура!.. Кхин масане дара уьш!.. Сихха велла а ша дIаволийла луучу хьоле хIоттавора лаьцнаверг… ТIаккха тIаьххьара а цо даре дора ша мел цадинчунна. Лаьцнарг йоза ца хууш хилахь, шайна оьшшучу aгIop шаьш протокол а хIоттадой, цуьнга, Iexa а вой, кIел куьг таIадойтура. Амма, иза а чекхдаллалц кечдан ца кхуьуш, байинарш а дукха хуьлура…

Керим къаьрзинчу бIаьргашца Бакаран бIаьргаш чу хьаьжира: «Ткъа хьо, мукъна, хIун деш вара хIетахь?» — бохург дийшира Бакара цуьнан бIаьргаш чохь.

— Бакъду, со хIетахь барт хоьттучийн могIарехь а вацара. Сан и аьтто хилла. Со арабевлла лела бандиташ-обаргаш схьалецар тIедиллинчу бIон коьртехь вара… — Дела гуш ву-кх, — Бакара хьалатесира шен мажделла оза ши куьг. — ХIapa ши куьг, кху зудчун а кхардан дог доцуш, цкъа а бехдина ма дац ас йа лаьцначунна тоьхна а, йа цхьаьнггара а кхаъ баьккхина а…