Светлый фон

— Цундела Iуьллу-кх, гуьйриг санна, йа даьхни а, йа ков-керт а, йа дIадиллина ахча а доцуш, — йукъаIоьттира Хьулимата.

— Сацахьа!.. — куьг ластийра цунна, кIеда вела а къежна, Бакара, — «цундела» суна йелла шортта пачхьалкхан йаккхийра орденш йу… Тоьур ма ду иза а.

— Тоьур ду… — Iад ца Iapa Хьулимат. — ЖIаьлийн кочахь кхозийла и хьан орденш… Чуваше муха хьажийра хьо?.. Хьайл дуккха а лахарчу комендантан гIоьнча а вина, муха латтийра?.. Цигара а, хорма охьа а йуьллуьйтуш, муха лаьллира?.. Цхьа а кхин бахьана а доцуш — нохчо хиларна!.. Хьан… орденш!.. — ца соцура Хьулимат.

— Дийца витахьа, xIaй зуда, — хIинца баккъал тIечевхира Бакар зудчунна. Хьулимат сецира. Керимна а лаьара иза IадIойла. Цо хаьттира Бакаре:

— ТIаккха хьо муха висира хIетахь… айхьа нах ца бойуш а… йа хьуо ца вуьйш а?..

— Нах-м байина а хир бу аса а тIом бечохь: ас ма элира хьоь, со бандиташ схьалецар тIехь долчу бIон коьртехь вара. Вовшашна кхийсарш нисйеллачохь схьавуьйш а, дIавуьйш а хуьлура. Амма бандит лаьцна ваьллачул тIаьхьа цкъа а ас цунна йа тоьхна а, йа законехь ца богIу кхин тайпа ницкъ а бина бац. Амма хIетахь суо ца вуьйш висарх тахана тамаш-м бо аса. Кхуьнан кхарда дог дац-кха хьуна, — алийтал цуьнга шега а — тхешан аппарате суо балха дIавоьдуш а, кхеран цкъа Iодика а йина бен араваьлла вац-кх со цкъа а! — элира Бакара.

— Бакъ-м, дера, ду! — тIечIагIдира Хьулимата. — Чухула духу коч-хечий хуьйций, тIе, портфел чу сухарш а, чухуларчу бедаран кхин цхьа чкъор а дуьллий бен, ара-м, дера, ца волура…

— ХIетахь муха дара аьлча, — Хьулимате и сацош куьг а ластийна, дуьйцура кхин дIа а Бакара, — Iуьйранна хьаькам вара — сарале «халкъан мостагI» хуьлура. Ас лецначу бандитийн гергарчарех цхьана-шинна дагадеънехьара со шайгахь цхьана дийнахь хьошалгIахь хилла бохург йаздан — билггал лаьцна хир вара-кха со а… Суо муха висна а ца хаьа суна!.. Бакъду, цхьанна а айса вас а йина мостагI вацара сан… Цу тIехь цатам хилира сан невцана… Сурупин Анатолина. Цо чубохкийтинчу Зебилин дас а, кхечара а цхьацца йаздина хиллера цунна. Иза чу а воьллина, таллам беш, кхин а гучудевлира Анатолийс бинчу талламца тоьпаш тоьхначу иттех сов стагна цо чекхдахаза дисина протоколаш а… ХIетахь лелориг ша йерг а мел йоккха беззаконие йелахь а, протоколаш чекхдаьхна хила дезара. Анатолий, цкъа бехха таллам а бина, «особко» кхел а йина, тIаьхьо, тоьпаш а тоьхна, вийра… Тоьпаш-м хIетахь денна а йеттара…

— И муха хуьлура?..

Бакара, жимма са а даьIна, дийцира:

— Хьалха, 1935-чу а, 1936-чу а шерашкахь, тоьпаш тоха кхиэл хилларш, иштта дукха ца хуьлучу хенахь, уьш буса, цхьана хьуьн чу а буьгий, цигахь чекхбохура… Ткъа 1937-чу а, 1938-чу а шерашкахь уьш тIех дукха хуьлура. Цундела, уьш гена ца буьгуш, дукха хьолахь эцца гIалина кIел, Соьлжа йистехь йолчу — «Тыртово роща» олурий-те цунах? — хьуьн чу а буьгий, цигахь дIабохура. ТIехволучунна герз долу хазахь а, олий, цкъа хьалха хабар даржадора цига йуххерчу гIалгIазкхийн станицехула цу хьуьн чохь эскархой бу Iамош, герга ма гIерта, олий… Со цкъа а ца хилла тоьпаш тухучаьрца дакъалоцуш. Амма сан а дийзира цкъа и гIуллакх ган. Суна цкъа тIедиллира, лам чохь лецна бандиташ шина грузовикахь цига охьакхачабар. Уьш, охьа а кхачийна, бухахь тхоьга хьоьжуш Iачу коменданте Алейсенкога кара дIабелира ас — спискаца. Массо а вара тIехьа куьйгаш дIа а дихкина…