Кертахь цхьа а вацара. УьйтIе цIена йара. Цхьа a гIap ца хезара. ДIо paгIy кIелхьара нуй а карахь гучувелира воккха стаг, хьалха гинчех воцу оьрси.
— Тхо xIapa школа чекхйаьккхинарш ду! — шаьшшиъ йовзийтира Нурседас.
— Марша догIийла!.. Со дворник, лаахь, хехо а ву. Шуна мила оьшура?
— Анна Львовна!
— ГIалитIе йахана… селхана цIахь хир йу а аьллера… стенна хьеелла хаац… Кестта цIа кхочур йу… Лама педсовет а ма йу цуьнан, — жоп делира воккхачу стага.
Ши йиша шайн чукхаьчча, учахь Джейран лаьттара Нурседин шина беран куьйгаш а лаьцна, лаьмнашкахьа хьоьжуш, дуткъачу лога тIехь, мохехь раздахана зезаг санна, охьатаьIна корта ойлане бIогIамах а товжийна. Цу сохьта чукхечира Тавсолта а. ГIийло лаьттачу Джейранна тIе а вахана, забар йира:
— ХIан, алал, йоккха стаг, муха хета хьуна тхан мохк?
— Вон бац… хазахета… массанхьа а лаьмнаш ду, делахь а генна гуш шера аре-м йац!
— ХIан-хIа! Теркал дехьа шера аренаш а йу!.. Шучех тера а йолуш!.. — велакъежира Тавсолта.
* * *
КхозлагIчу дийнахь, делккъехь, йисина хIуманаш Джейранца чохь дIа а нисйина, Тавсолта чувале йижарий жижиг-галнаш дан тохабеллачу хенахь, цхьамма-м неI туьйхира:
— Можно? — схьахезира оьрсийн зудчун аз. HeIape хьаьдира Нурседий, Селитий: девзира, девзира царна иза…
Анна Львовна марайуьхкура цара, роггIана цуьнан малйеллачу беснеш тIе, сирделлачу гиччошна, декъачу куьйгашна обанаш бохуш. Беларш а, белхарш а иэделлера. Йуург кечйар хIинца шена дисина Джейран, корта а лестош, пеша йуххера цаьрга хьоьжуш лаьттара: цунна а йуьйцу хазарх йевзира Анна Львовна.
— XIapa тхан керла нана йу! — элира Нурседас, лерина, хьала а гIаьттина, Джейранан белш а лоцуш, и Анна Львовнина йовзуьйтуш. Джейрана, йелакъежаш, корта таIийра, демаша дуьзна куьйгаш хьала а айина.
Анна Львовна дикка къежйеллера, бIаьргийн гонаш кеггийра хебаршка даханера, амма бIаьрса хьалхалерра собаре, нуьцкъала догура. Хьалахьаьжча, цунна гира, тохарлеррачохь пенах кхозу хIетахьлерра, сирла велакъежначу Ленинан сурт. Сихха вукху пенехьа йирзира:
— XIapa-м беса лаьтта! — корта ластийра цо. Йижарша дийцира шайца мел хилларш. Анна Львовнас, йукъа хеттарш а туьйсуш, сов сема ладоьгIура. Эххар а Селитас хьехархочуьнга хаьттира:
— Ахь кехат хIунда ца йаздора тхоьга? Кхоьрура хьо?
— Йа хьуна а хийтира тхо бехке? — тIетуьйхира Нурседас, Iе а ца йелла.
— Аш хIун дуьйцу?! Аш хIун дуьйцу?! — куьйгаш хьалатесира Анна Львовнас. — Муха хетар дара шу бехке? Кхоьруш… меттигаш-м йаьхкира… бакъдерг аьлча… — охьахьаьжира и, цIий а луш.