Катоьххна кхечарел хьалха охьабиссира Тавсолтин доьзалш: цунах тасайелла, цунна тIаьххье Джейран, тIаккха Селита, царел а хьалха — Нурседа. Амма шаьш цIакхачар хазахетта айаделла долу церан дегнаш цу-сохьта йуха а Iовжийра, шайна вокзале дуьхьалбаьхкина, маршалла хоттуш, шаьш цIакхачарца декъалбеш, Iедалхойх цхьа а тайпа векалш шайна ма ца байннехь. Селитас, лере а таьIна, Нурседе кIуон элира: «Ур-атталла Казахстанехь а вайна-м дуьхьал ма баьхкира»… Тавсолтин йуьхь цIийелира, Джейранна хьалха эхь хетта: «Вай йухадаьхкина хазахеташ цхьа а воцчух тера ду», — дагатесира цунна. Амма цу сохьта цхьа оьрси тIевеара царна:
— Шу дуй БерсановгIар?.. Со Керима ваийтина шуна дуьхьал…
Керима, ша дуьхьал ван йиш а ца хилла, йаийтинчу кира кхоьхьучу машенахь Тавсолтин доьзал станцера Эскинойхьа новкъа белира… ГIалех арабовлале дуккха а урамашкахула хьийза дийзира: цкъа кхузахь — тIаккха дIогахь латта аьхкина меттигаш нислора кест-кеста, тIеман заманахь окопаш санна. Малх гIушлакхе гIертара. Шоферца хьалха чу хиъна вогIу Тавсолта а, тIехьа дIанисбелла цуьнан доьзалш а тидаме дIасахьуьйсура гондIа: уьш массо а бара, ур-атталла Тавсолта а тIехь, шайн Республикин коьрта гIала дуьххьара гуш. Вокзалан майданара машен шоферо хьалха Беликовн тIай долчухьа йерзийра: Соьлжан можачу тулгIешна тIехь, къорза истангаш санна, малхехь сийна-Iаьржа бос лепаш, дIашершара мехкадаьттанан йаккхий хьоькхнаш. ТIай тIехула а девлла, аьрру агIорчу урамехула дIадахара. Моторо цхьа-ши хьоршам а тоьхна, машен сецира тIулгех боьттинчу лекхачу пена уллохь. Шофер, охьа а воьссина, капот а йиллина, моторан сакхт лаха хIоьттира. ТIулган пена тIехь леккха хьалабахна, тIулгах бина, цхьа Iаьржа боккха адаман корта байра Тавсолтина. Йуьхь а йара Iаьржа, оьгIазе.
— И хIун йу?.. — хаьттира цо шофере.
— Муха… «хIун йу»… Ермолов ву-кх… Паччахьан инарла… XIapa гIала дуьххьара дIахIоттийнарг…
— ЖIаьла ду, — элира Тавсолтас.
— Муха… «жIаьла»?.. Ас ца боху хьоь — паччахьан инарла! Адам ду!.
— Сан ден жIаьла дара — «Ермол», — элира Тавсолтас. Шоферо, вела а къежна, куьг ластийра: «Хьо-м кхета а ца воллу» бохучу маьIнехь — цунна ца хаьара, лам чохь нохчаша, паччахьан цхьаболчу, шайна дуьхьал леттачу инарлийн а цIерш, уьш къонахий хилар гичхьана, шайн кIенташна а тохкуш хиллий: «Сипсо», «Боккало», «Паскоч»… Амма Ермоловн цIе дукха хенахь дуьйна а ламанхоша шайн жIаьлешна лора…
Моторан сакхт шоферо дIа а нисдина, машен хIинца трамвайн некъана уллохула йоьдура — «Трамвайни тIай» долчухьа. Цхьана-шина куьпах тIехйаьлча, йуха а сецира Нефтяной институтан маьIIехь. Шофер охьа а воьссина, йуха а мотор талла хIоьттира. Тавсолта цеце хьалахьоьжура цигахь лаьттачу, болатан гIортораш тIехь леккха хьалайаханчу, хи дIасадоькъучу бIаьвне. БIаьргашца и йустуш, лакхара дуьйна и охьавогIуш, когашка кхечира. Когашкахь нисйина, йеакIов йехий гIайракхаш гина, царна тIехь Iаьрбан йоза дайна, цецваьлла, тIехилира и. ГоратаьIна деша хIоьттира: