Массо хIума йаа хевшира. Тавсолта шен чувахара. НеI ца тухуш, цIеххьана чувелира Керим. Йуьхь тIехь сингаттаме а, кхохкийна а хийтира. Маршаллаш а хаьттина, иза а, цара тIевехна, охьахиира цаьрца шуьне.
— Хьо ма таьIна ву… ХIун дара гIалитIехь? ГIуллакх хилин хьан? — хаьттира Анна Львовнас.
Карара Iайг охьа а биллина, Керим церан йаххьашка хьаьжира: «хазаза ду-те кхарна и хIинца а?» бохучу хьесапехь.
— Ца хили… Хуьлучохь а дацара, — массо, йуучух йукъах а бевлла, ладогIа буьйлира. — Со, машен цкъачунна дIа а хецна, сихха партин обкомана хьалха кхечира… НеIарш къевлина йу, чу ца вуьту… И йерриге цигара йоккха майда дIа а лаьцна, къорза пхьоьха йу-кх сийсаш, карзахбаьллачу хIордо санна, IовгIа айина. «Митинг йу-те?», — аьлла, дIахьаьжи. — ХIун митинг хир йу: августан тIаьххьарчу деношкахь цхьа а дезде а ма дац», — дагадеа. Амма, дIо йуккъехь, бочканаш, йаьшканаш вовшахтоьхна, йина цхьа трибуна тайпа ду… Цу тIера, бете рупор а оьхьна, мохь тоьхнна къамел деш, боккха корта а лестош, йаьлла кIажарийн Iаьржа кхес а йолуш, цхьа стаг ву, баьццара кучахь… Схьахеза: «Декъалхуьлда Молотов!.. ДIаваккха йукъара Хрущев!.. Казахстане йухаберзабе Даймахкана йамарт хилла нохчий, гIалгIай!»… Цецвели со… Суо нохчо вуйла а ца хоуьйтуш, пхьоьха халла дIаса а тоьттуш, ма-хуьллу цунна гергахуьлу со… И баьццара коч йерг охьа а воьссина, «трибуне» йели, цхьа сийна йеха коч а йуьйхина, оза, лекха зуда: «Сан кIант фашисташа тIамехь вийна… Сан мар нохчаша вийна… Сан да а нохчаша вийна… ХIинца цаьрца цхьаьна Iан йеза со?… Уьш хIунда берзабо йуха? Кхин а генна дIалахка хьакъ бу и йамартхой!»… Со холчахь ву: хилларг хIун ду, уьш мича бахьаненна карзахбевлла ца хууш. Эххар ги, дехьа йистехь пхьоьха дIаса а хилла, пхеа-йалх стага, тийна, барам тIехь схьавахьаш велларг. Пхьоьха, кхин а дIаса хилира, царна некъ паргIатбоккхуш. Маьхьарий хеза: «ДIахьовсал, накъостий, оцу акхароша цунна хIун дина?.. Урс тоьхна, йиначу чевне!.. Йуьхь а йистина!.. И сийна томмагIаш!» Со йуха а ца кхетара, амма со нохчо хилар кхузахь хаийта кхераме хилар гуш дара. Эххар со тIеIоттавели, йоьхначу ойланца пхьоьханахь ша лаьттачу, суна вевзаш волчу, со санна йуьхьа тIехь оьрсех терачу, цхьана гIалгIайн йаздархочунна — Идрис Базоркинна. Ший а, бIаьцаш а йина, йуьстахвели. Цу села йолчу йоккхачу пхьоьханахь, тхойшиъ воцург, кхин вайнахах цхьа а стаг ца хаалора.
— И хIун ду хаьий хьуна? — хаьттира ас цуьнга.
— Хаьа. Со вехачу поселкера схьадоладелла ду иза… Кхузара иттех километр… Черноречехь… вайн нохчийн хулигано цигарчу паркехь, йоIана тIехула леттачохь, урс а тоьхна, вийна и оьрсийн хулиган. Цуьнгахь а хилла урс. ГIуллакх милицега дIа а делла, нохчийн хулиган чу а воьллина. ХIетте а, и велларг, волчаьрга шен хеннахь дIа а ца вуллуьйтуш, латтавайти-кх, хьуна, цхьамма-м цига арахь, стоьл тIе охьа а виллина, нахана гойтуш, уьш тIеттIа карзахбохуш: «Арсаш а детташ, оцу акхароша вайнаш бойу… ХIетте а уьш цIа балабо…», — боху хабарш хезира… ХIинца, кхуза схьавалийна… Цунна латтош хилла-кх…