Светлый фон

— Йало хIинца ший а, хьуьлла тIе а хIоттий, — Тавсолтас хIолламашкахьа куьг тесира, — хьиэ ца луш, чугIо… Йуург кечъе… «Цунна» хIусам а йовзийта. Цхьацца адамаш а дуьйлалур ду эха. Со а чувогIу, цхьана метте а хIоьттина, — аьлла, ойлане Нурбикин коша тIехь а лаьттина, тIаккха ЦIечу берде бIаьрг тоха, Яьссин йистехьа вахара Тавсолта.

Кешнийн кертах ара а ваьлла, йуххерчу хьуьн чухула ирзух тIех а ваьлла, и вогIуш, дитташна йуккъера цIеххьана кхунна чухьаьвдира месала, кенаш а девлла, къанделла, дай боцуш дисна, акха жIаьлеш. Схьаэцна гIорзалгаш тоьхна, дIалаьхкира уьш Тавсолтас. Амма цхьаъ, дIадаха ца туьгуш, Тавсолтина тIе а дирзина, «гIалх» деш лаьттара, муцIар, хьожа йохуш санна, хьала а йерзийна. Тавсолтин дегIехула зуз хьаьдира: цунна гира, цунна бевзира, жIаьлин логах боллу, маьлхан зIаьнаршлахь цIеххьана лепа, йоьза хIоз.

— Борзиг!.. Борзиг!.. — схьатIекхайкхира цо жIаьлига. Лаьттахула лохха текхна тIе а деъна, жIаьло Тавсолтин когах мотт хьаькхира. Шен гIода йуккъера схьадаьстина доьхка цуьнан логах боллучу йоьзан хIазарх таса дагахь Тавсолта охьатаьIIашехь, дIаиккхина жIаьла, дитташна йуккъехь дайра.

— Борзиг!.. Борзиг!.. — бохуш, Тавсолтас, бере санна, дехха къинхетаме озаца кхайкхира цуьнга, тIаьхьаваьлла, дитташна йуккъехула генна дIа мохь бетташ. Амма Борзиг йуха ца деара. ГIийлачу ойланехь вухавирзина Тавсолта, йуха а цу ирзуна тIехволуш, саьнгаран йисттехь, малхехь лепаш, шурула кIайн цхьа хIума гина, тIевахара: малхо йакъийна, мехаша шарйина, акхарой кIомсарша цIенна йаьшна Iуьллура бежанан коьртан кIайн туьта: «Гарехь, оцу дIадевддачу жIаьлийн а цхьана хенахь шун хилла-кх xIapa», — ойла хилира Тавсолтин. Кхин а тIехилла леррина хьаьжча, «ОxI!» аьлла, цо цеце доккха са даьккхира: туьтан бIаьштигашна тIехь, ши маIа хиллачохь, мазакъйоьлла йоцца ши йуьхк гора. Вехха лаьттира Тавсолта ойлане вахана: «Дерриг а Делан болх бу!» — аьлла, цIехьа волавелира…

Ши йоI, Даудан, Увайсан хIолламашна хьалха а лаьттина, цигара школе йахара. Дог сиха детталора. Школин керта йоллушехь гира: шуьйра тIамарш а йаржийна лаьтта Дада-бIар, лестачу гаьннашца цо шаьшшиъ тIейоьхуш. Йедда, йедда, маракъевлира цара и.

Дада-бIар, куц дохаза, товш лаьттара, шена тIехьа, нийсачу магIаршца къона дитташ а техкаш. Амма, цуьнан IиндагIе нисделла, хьалхара кхо дитт-м кхечарел дикка лоха дисинера.

Нурседина девзира уьш: «шениг», «Керимниг», «Терентьевниг»! Дехьарчу кхаа дитта йуххехь лаьттара Селита: «Шениг», «Даудниг», «Увайсаниг»!.. Селита, йедда, йуха Дада-бIарана тIейахара:

— Нурседа! Хьажахьа, хIинца а!.. Диттан гаьн тIехь ширделла, амма хIинца а данза гора элпаш: «АУ — БД».