Светлый фон

Шайн ширачу хьехархочух кхетча, шаьшшиъ йуха а жима хетара шина йишина.

— ХIинца дерриг дIанисделлий хьан? Цхьа а вуй хIинца хьан дог этIош? — хаьттира Нурседас.

— ХIан-хIа, уьш дIадевлира дерриш а! ХIинца дика Iа… Со-м доьшуш а йай!

— ХIунда?

— Со хIетахь педтехникум бен чекхйаьккхина а йацара. ЙоIаца, цунна гIo а деш, и филологически факультет а йаьккхира ас чекх заочно, сагатдеш хьер ца йалархьама. Ткъа хIинца заочно философски факультетан кхозлагIчу курсехь а йу. Дуккха а хIуманаш ду хаа лууш… Зама эрна хIунда йохуьйту!

— Ма хаза ду: цхьаьна ду вай! — Анна Львовнин коча хьерчара Нурседа.

— Кхин йуха ма йогIийла и зама! — доккха садаьккхира Селитас.

— ЙогIур йац! И санна дерш кхин гур дац!.. Вайна гиначуьнан коьрта маьIна хIун ду аьлча: вайн пачхьалкхехь, гIалаташ дийла тарлахь а, бакъдерг тулуш бен чекхдала йиш йац!

НеI йиллина, чувелира Тавсолта, пхьаьрса кIел хьарчийна плакат а дохьуш. Чуьранаш хьалагIевттира. ТIейеъна Джейрана, цуьнгара схьа а эцна, и плакат кора йуххе хIоттийра, гIаж, тIоьрмиг неIар тIехьа а оьллина. Тавсолтина чIогIа хазахийтира Анна Львовна гина. Цкъа хьалха майрачух, мардех кадам а бина, хьал-де хаьттира цо.

— ХIинца дика Iа… ДIанисделин шу а? — хаьттира Анна Львовнас.

— Дика дIанисдели… Йуьртахь хийцамаш а карий: бошмаш а совйевлла, керла ферманийн гIишлош а йина, цига хиш а далийна. Дика ду и! — реза вара Тавсолта. Цхьадерг Селитас гочдора, важа дерг Тавсолтас ша а дуьйцура.

— Ленинан бакъдерг туьйли! — тIетуьйхира Тавсолтас, пенах хьалакхозучу цуьнан сурте а хьаьжна, тIаккха вукху бесачу пенах бIаьрг кхетта, коре а вахана, хьарчийна плакат схьа а даьстина, Нурседега дIакховдийра цо — «Нохч-ГIалгIайн АССР-н карта»:

— ДIатохал и цигга! — элира, Сталинан сурт кхаьзначу пIелг хьажош.

— Правильно! — къобалдира Анна Львовнас.

Джейрана хьалха йиллира ша йина бешбармакх.

— Шу хье ца дан сайна хуург йи-кх ас!

Анна Львовна, сохьте а хьаьжна, тохайелира:

— ХIа, йаха деза сан. Баккъал а, вайна-м шиъ долуш доллу!.. Сарахь педсовет йу тхан хуьлуш. Кечйала а деза.

— Кхуьур йу хьо! — аьлла, нуьцкъаша охьахаийра и йижарша.

— Тхан бешбармакх а йевзар хьуна, хьалха ганза йелахь, — йелакъежира Джейран. Цуьнан сибат а, Iаьржачу бIаьргийн кIеда хьежар а, чухула цуьнан йайн лелар а тайра Анна Львовнина.