ТIаккха хецца шех лаьцна дийца йуьйлира:
— Хьалхарчу кехатна жоп-м даийтира ас, амма… цул тIаьхьа со а холчухIоьттира. Чевнаш а хилла, кхетамза Iуьллу Иван Саввич фашисташа йийсаре вигна хиллера тIамехь. Цхьа хан йаьлча, товелча, церан лагерера и веддера. Хьаннашкахула лечкъаш, малхбалехьа кхаьчна и, кхано вайчех схьакхетча, и ша йийсаре ваханарг а вина, «тройко» Сибрех лаьллинера. Шуьгара хьалхара кехат деанчул тIаьхьа кхечира соьга Иван Саввичера и дерриге дуьйцу кехат… Бехк ма билла… хIун дара а хаац, эццахь дуьне а дицделира суна… Кехат чекхдоллуш цо: лаахь, шега хьежа — ша хьанал хилла, кхин хетахь — паргIат а хила, бохура…
Анна Львовнас бIаьргаш тIе йовлакх даьхьира.
— Ас цуьнга йаздира: хьох со даима теша! Со хьоьга хьоьжур йу! Хьо цIа вогIур ву! Вайна гур ду вовшийн!
Нурседин сийна бIаьргаш ойлане кхоьлира. Селитин йуьхь цIийелира. Цара дуьйцург хеза, пеша йуххе хьийза Джейран а дIайирзира хIинца, цаьргахьа букъ берзош, шен йуьхь ца гайта.
— Суо йисира со… сайн Ниночкица… марда а велира, хье ца луш… Директор йолчуьра а паргIатйаьккхира… Эццахь… шуьгара шозлагIа деанчу кехатна жоп йаздан ца хIоьттира со… Йоьлхуш, райцентрера со цIа йогIуш, тIаьхьакхиира тхан парткабинетан куьйгалхо, цхьа къена коммунист.
«Дукхайахарг! Ма йелха, — сан белшах куьг хьаькхира цо. — Дахарехь богIу цкъацца иштта мур а, дуьхьалдIа сатоха дезаш… цкъачунна!.. Хьайн хьехархочун болх а беш IадIе, гIуллакхаш цхьана хорша дерззалц. Кестта зама толур йу».
Амма зама суна-м кхин а телхира: цхьа-ши бутт баьлча, Иван Саввич велла аьлла, цигарчу больницера хаам беара. Оцо гIорийра сан дог. Моьттура: дийна йоллушехь суо йелла… цхьа Ниночка йацахьара!.. Амма… ткъолгIачу партсъездо керла нур хийцира дуьнен чу а, сан даг чу а! Ас йаздинчу кехаташца Иван Саввич вуьззина бехказа вира. Москвара соьга кадам а кхечира, майрачун йоллу орденаш, документаш йуха а дерзош; Ниночкина дешна йаллалц пенси а диллира ден цIарах. Со йуха сайн балха а хIоттийра…
— Атта-м шуна а ца хилла! — цуьнан пхьаьрсах куьг хьаькхира Селитас.
— Маре ца йоьдуш а Iийна хьо-м, — Нурседа цуьнан хIинца а хазачу йуьхьей, тайначу дегIей хьаьжира.
— И веллачул тIаьхьа а делира масех шо… сан деган чов ца йоьрзуш. Ткъа хIинца со маре йоьдучохь а дац… йоI ма йу сан маре йаха кечлуш!
Селитас маракъевлира Анна Львовна:
— Мичахь йу Ниночка?
— Кхушара Грозный-гIалахь Пединститутан филологически факультет чекх а йаьккхина, Волго-Доне экскурсе йахана… Цуьнца, шена путевка а йаьккхина, Кериман кIант Каташ а вахана! Кестта цIа кхочур бу…
— ЭхI! Ма хаза нисделла и! — эккхийтира Нурседас.