Машен, гу тIе а йаьлла, дIайоьрззучохь цIеххьана шайн некъ а хадош, дIаиккхина пхьагал а, дера, хийтира Тавсолтина «хIетахьлерраниг». Цецваьлла, велакъежира и: цунна цIенна дагадеара, маццах, цхьанхьа-м доьлхуш, кхузахь шайна иштта дуьхьал, некъ а хадош, пхьагал эккхар. Пхьагал хIинца, некъал дехьа а йедда, сийначу кулла кIел тебира, шера сира букъ кхаьргахьа а берзийна, шена xIopш ца гича, ша а ца го моьттуш. Шофер машен а сацийна, шен гIентана тIехьарчу шалго-тоьпана тIе кхевдира.
— Не надо! Убивай не надо! — тоьпан бух йухаозийра Тавсолтас.
— Ну, ладно! — цуьнга а хьаьжна, шоферо йуха дIайолайалийтира машен.
Йуьртана герга мел гIоьрти а, совбуьйлура Тавсолтин дагалецамаш, бIаьрг къарзош, дог карзахдохуш. Ганза а, дагадахканза а вуно дукха хан йолу цIенна дицделларш а, хIинца кIеззигчу хIуманах а бIаьрг кхетташехь, йуха дерриш а ма-дарра карладуьйлура: и некъан бердашца духдуьйлу самукъане шовданаш а, некъаца маьI-маьIIехь Iохку даккхий чхернаш а, геннара схьагу, амма даима гергахь хета, и къоьжа лаьмнаш а — уьш массо а, шайна чохь садолчу куьцехь, xIapa а вевзинчух тера леррина, шега хьуьйсуш санна, хетара Тавсолтина.
Яьсса-хи тIе а кхаьчна, Эскинойх чувулучу тIех бевлира хIорш: хIинца, гена йоцуш, дIо басахь, гучуйелира хьоме йурт.
— ЭлхьамдуьлиллахI! Хьо доккха де! — ша Iаччохь хьалакхоссавелира Тавсолта! Хин йисттехула боьдучу новкъа машен аьтту агIорхьа дIайоьрззушехь, ЦIен-берд а гучубелира: цIеххьана схьахьаьлхинчу генарчу жималлин гIаларташ, гондIа мел дерг хьулдеш, пардо лецира къеначу бIаьргашна хьалха. БIаьргаш а севцца, меттах ца хьара Тавсолта. Хиллачун суьрташа, роггIана дуьхьалхIуьттуш, сихха вуханехьа идавора иза, шен дахаран йуьххье. Цунна шайн машенан гIовгIа а ца хезара хIинца, некъаца сихха тIехтуьлу йуьртан цIенош а ца гора. Амма шайн цIеношна хьалхха машен сецча, цIеххьана самаваьллачух тера, тохавелла машенара ша-шах охьаиккхира и. ГондIаранаш ца гуш, меллаша, тидаме керта хьаьжира тамаше догучу бIаьргашца. ТIаккха, ша волччохь, горавахана, цомгушчу доьзалхочух санна, хьастаме, къахеташ куьг хьаькхира цо лаьттах. Йуха, цхьа гIорза схьа а эцна, ирахIоьттира. И бIаьргаш хьалха а йаьхьна, лаг тIе таIийра, гонах ирсе бIаьрг кхарстош. Вела а къежаш, хьалха лаьттара Керим.
Мараиккхина а, маршалла хаьттина а ма-велли, Керима, кисанара схьадаьккхина, кехат дIакховдийра Тавсолте:
— ХIинца хьан цIенош йуха а хьан ду-кх!
Тавсолта дика бешлелорхо хиларрий, цуьнан кIант, эпсар, Даймахкехьарчу тIамехь валаррий дагалоцуш, Кериман гIoьнца Iедало йухадерзийнера цунна цIенош. Царна чохь Iийнарш а ши-кхо кIира хьалха Дагестане дIабаханера.