Кериман Iуналлица, бевзачарий, лулахоший, xIopш цIа а бахкале, чу кираш а тухуш, цIан а динера цIенош.
— Баркалла. Ма-дарра аьлча, кху чу ца воьссинехь-м, со вуьззина цIа кхаьчча санна а хетар дацара суна! Баркалла! — Кериман белш тIе куьг диллира Тавсолтас. — Баркалла кху чохь Iийначу дагестанхошна a xIopш лардарна! — элира Тавсолтас.
— Цара-м, хьаха, вайн кешнаш а дика латтийна!.. TIe, хаьий хьуна, — сирла велакъежира Керим, — гуьржаша шаьш Iийначу керташкахь, шаьш дIабоьлхуш, бухахь цхьацца уьстагI а битинера, хьуна, сагIийна — йуха цIа богIучу нохчашна!
— И а къонахалла йу! — къобалдира Тавсолтас…
Керимца баьхкинчарий, лулахоший гIo а деш, чуйаьхьна хIуманаш дIа а нисйина, буьйса йоллалц Iийра цIа кхаьчнарш, бухарнаш цхьаьна — мел хилларш карладохуш. Эххар а, Нурседас, Селитас, доккхачу текхахь нар тIе хIоттийра Джейрана йина, чомехь Iаь гIуьтту бешбармакх!
— OxIo! Казахстано шен хьошалла до вайна хIинца а! — элира Керима Джейране. Йела а къежна, Iадда лаьттара Джейран.
Пхьор а диъна, дIабахара лулахой.
— Со Iуьйранна Грозный-гIала ваха дезаш а ву. Лама цIа вогIур ву… Аш садаIа! — аьлла, дIавахара Керим а.
Бехачу некъо гIелбина Тавсолтин доьзал шаьш цIа бирзинчу дуьххьарлерчу буса набаран марахь мерза дIатхьаьвсира.
* * *
Сатоссуш гIаьттира Тавсолта. Ламаз а дина, тIе хIума а йуьйхина, вуьйш сама ца бохуш, меллаша аравелира и. Цкъа хьалха цIеношна го баьккхира цо, тIаккха кертахула волавелира: даьхникерт йоькъу зIар дацара, божал дохийнера, пенаш хирцинера. УьйтIахула доьду татол лекънера. Шайн дирша йетт а, жIаьла а дагадеара цунна. Уьш, хьовха шен хиллачу бахаман гIиpcax хIума ца карийра цунна, цхьа тамашена бисина цIийна тIехьа Iуьллу xIapa лами боцург. Цецваьлла, велакъежира цунна иза. Лами хьала а хIоттийна, чIогIа буйла хьожуш, дIасатуьйхира. Корта хьовзийра Тавсолтас: тохарлерраниг бара, цхьа а тIегIа малдаланза. «Табина хир бу», — дагатесира. ЦIенойн тхов тIе ваьлла а хьийжира: цIенош, тишделлехь а, чохь Iен мегар долуш карийра цунна. ТIаккха кешнашкахьа вахара, уггар хьалха — хIолламаш дохкучу маьIIе. Вехха лаьттира Тавсолта, шен вешин Iалсолтин, кIентан Даудан хIолламашна хьалха доIанаш деш. Дукхахдолу хIолламаш а, чарташ а дийна дисинера: кхузахь Iийначу дагестанхоша Iалашдарна. Амма лекхий, дуькъий дара нохчийн кешнашкара къух! Халла схьакарийра Тавсолтина шен ден Берсин, чурт доцу каш, цунна йуххера, маццах xIapa йурт — «Эскиной» йиллинчу, кхуьнан ден ден Эскин кошехь доьгIна акхачу тIулган чурт довзарна.
Вехха хьийзира и йараш дIайохуш, майда цIанйеш. Эххар, доккха са а даьккхина, Нурбикин каш долчухьа вахара. Коьллаш куьйгашца дIасатуьттуш, воьдура Тавсолта. XIapa Нурбикин каш тIе кхачале, зударийн тийжар хезира: коьллаш дIасатеттина, хьаьжча, гира, коша тIе а йоьжна, йоьлху Селитий, Нурседий. «Кхарна дикахо карор ду xIapa каш», — дог доьхна хьаьжира и шина йоIе. Да гучуваьлча, сихха хьалагIаьттина и шиъ, бIаьргех йовлакхийн маьIигаш а хьаькхна, йоьлхучуьра сецира.