— Сан да!.. Берс! — мохь белира цуьнга. Горавахна, хьераваьлча санна, сиха, шен ницкъ маббу чурт схьаийзо вуьйлира Тавсолта. Схьа ца даккхалора. Цецваьлла тIевеара шофер.
— Ахь хIун леладо? И мегар дац. Стенна оьшу хьуна и?
— Сан ден чурт!.. Сан ден Берсин чурт ду и!.. — мохь хьоькхура Тавсолтас. Машен тIера, цецбевлла, чухьуьйсура Джейран, Селита, Нурседа, тIехбуьйлу нах а соьцура. Шоферан йуьхь цIийелира — иза кхийтира:
— Тавсолта! ХIинца и дан мегар дац. ТIаккхахула вухавогIyp ву хьо…
Тавсолта деша вуьйлира кхечарна тIе йаздинарш а:
— Тхан йуьртахойн чарташ ду уьш!.. Шу адамаш дац! Шу жIаьлеш ду! — тIекхохкавелира и бехк боцчу шоферана. Иза эсала, цIий а велла, лаьттара:
— Тавсолта! Сан бехк бац!.. Тхан бехк бу!.. Шу кхин йухадогIур дац, уьш шуна кхин оьшур а дац моьттура тхуна, — Тавсолта кхето а, теван а гIертара ма-хуьллу оьрсийн шофер: цунна дагадеара, шега а дакъа лоцуьйтуш, уьш кхуза схьакхехьар. Йуха а ден чурта тIе а вахана, гора а хIоьттина, цомгашчу берана санна, тIе куьг хьоькхуш, дехха доIанаш дира Тавсолтас. Урамера нах, севцца, тийна хьуьйсура.
— Баккъал а йоккха хьакхалла йу и оьздангаллина гергахь а, цкъа а уьш кхин йухабоьрзург ца хиллехь а! — элира царна йуккъерачу, йеха кIайн маж йолчу воккхачу стага оьрсийн маттахь. — Веллачу стеган кошца къийсар адамалла дац!.. — аьлла, дIавахара и.
Бисинарш а, бист ца хуьлуш, меллаша дIасабекъабелира. Шоферо мотор йуха а меттайалийна машен хIинца сихха гIалех болучу боккхачу урамехула дIайоьдура. Тавсолта, вист ца хуьлуш, йуьхь кхохкийна, корта а оллийна вара: иза когашкара коьрте кхаччалц вагийнера гинчо: «ХIетте а шайл тхо лахара а лору-кх цара… Аса-м дийр дацара и санна дерг цкъа а! Делахь а… церан а… хIун бехк бу?.. Уьш а бацара реза… Заманан хьу йу-кх!.. Делан кхиэл йу-кх массо хIуманан а!.. Йо, АллахI! Айхьа диначунна муьтIахь йе ахь сан ойла!» — цуьнан карзахйевлла ойланаш эххар а тийра мелла а… Машен, гIалех ара а йаьлла, хIинца Нохчмехкан йоккхачу шерачу аренгахула дIаоьхура.
PeгIa охьатеIа малх хIинца а бовхха лепара. Тавсолта тидаме дIасахьоьжура.
Массанхьа а цхьаъ хета и стигал, кхузахь шен бен доцчу шатайпа къаьсттинчу сибатехь дуьхьалхIуьттура цунна. Морзин басахь цуьнан сийна лепар а, дIо шурин чопанах сийса мархийн йистош а, церан кура дIашершар а, тоххара хьалха шена гина, кхузахь бен кхин цхьанхьа хилла а доцу, сурт хетара Тавсолтина. Бакъду, шерачу арара лома кхаччалц дуьхьалйетталу моггIара дийгIинчу диттийн баьццара раьгIнаш, хьалха кхузахула хилла йацара. Амма Эскинойхьа бирзинчу новкъа девлчхьана шена мел гург Тавсолтина, йуха а хьалхенгахь шена дайнна, «хIетахьлераниг» хетара: дIогара, Iинна дехьара, куьйса бохь болу лекха тарх а, хьуьлла орца ирзехь йух-йуххе даьлла тайна кхоъ акхтарг а, кху лаьттан и шатайпа мокха-Iаьржа бос а, некъан йистехула хьалайевлла кондарш а…