— Горкомехь ца хаьа-те? — хаьттира ас.
— Айсса, вахана, ма-дарра и хьал цаьрга хьалххехь дIа-м дийцира, сайн декхар хеташ: «Дика ду… Са ма гатде», — аьлла, вухаверзийра-кх со… и гIуллакх дIадижо кхин хIумма а ца деш.
— Делахь-хIета, царна и хууш хилла ца Iаш, xIapa кегаре оьшуш а хилла-кх царна, — хийтира суна.
— Тера ду! — корта таIийра Базоркина.
Веана, тхойшинна тIехьа схьахIоьттира, тхойша вевзаш а воцу, оцу районан райкомера ши куьйгалхо, схьагарехь, цу пхьоьханахь гIуллакх дIа муха доьду хьажа. Базоркина, церан тидам а ца беш, ша дийцина волуш, оьрсийн маттахь оьгIазе эккхийтира:
— Настоящая вакханалия!
— Нет, это не вакханалия, а Грозненский пролетариат выражает свою волю! — элира цу шиннах лекхачо. Iаьржачу аматахь волчу цуьнан накъосто и тIечIагIдира:
— Она направлена как раз против их вакханалии и бесчинств.
Тхойшиъ цигара кхечухьа велира. ХIинца трибуна тIера мохь бетташ гора, охьадаьхкина сирделла мекхаш а долуш, Iаьржа фуражка а коьртахь, Iаьржа дуьйхина, цхьа стоммо стаг:
— Накъостий! ХIинцца кхоллайеллачу гIалин революционни комитето сацам бина правительствега деха нохчий цIа балочуьра совцабай, йуха дIабахийта аьлла!..
Пхьоьхана йуккъехула тийна цхьа кегийрхой а лелара, бист а ца хуьлуш, хетарехь, къайлаха суьрташ дохуш…
Обком партин корехула рупор чухула кхайкхира цхьамма нахе, «совца» бохуш. Пхьоьханара дIа мохь туьйхира: «Секретарь схьатIеваийта! Кхузахь трибунера жоп далийта тхан хеттаршна!» Обкоман кор тIечIегIира. Пхьоьхана йуккъера чхараш туьйхира хьала, обкоман корийн ангалеш чудоуьйтуш. Кхин а тIе карзахйаьлла пхьоьха хIинца майрайелира: царна йуккъера цхьа гIepa, хьаьдда, тIулгаш а карахь, тIелетира обкоман неIарех. Чулилхира. Шаьш коридорехь тIекхаьчначу цхьана-шина обкомхочунна, секретарна а тIехь, коьртах хIума а тоьхнера. Обкоман кехаташ, этIа а деш, кхуьссуш корехула аратуьйсура… Амма чухулара орца а кхаьчна, и гIepa сихха йуха арайаьккхира, хIинца обкоман неIаре гIарол дан эскарера автоматчикаш а хIиттош. Карзахйаьлла гIepa йуха а, IаддIан ца туьгуш, цигара Коьртачу почте хьаьддера, хIинца шайна хьалха ваьлла, и сира мекхаш долу, стоммо стаг а волуш, цигара ООН-е а, Москох а зIе йала дагахь шайн лаамах лаьцна. Амма цигарчу шина гIароло, шозза а шаьш аьллачул тIаьхьа ца соцуш, чугIоьртина волу церан хьалхарниг, циггахь топ тоьхна, массарна а гуш, охьавиллича, гIepa, сиха кхетаме йеъна, цигара йухахьаьдда, пхьоьханахь йаьржира, орца дохуш… Цул тIаьхьа хIун хир дара а ца хаьа, и гIуллакх иштта дахделлехь, амма кестта орца кхечира: ХIирийчуьра инарла Плиев а коьртехь эскар а кхаьчна, йохийра и пхьоьха. Коьрта бехкенаш, хала а ца карош, схьа а карийна, оцу дийннахь чубоьхкира. Шайн дагахь нохчашна дуьхьал аьлла, цхьаболчара кIелдIахула нисйина и «митинг» Советан Iедална дуьхьал хилар цу сохьта Iopaдолуш, царна ца моьттучу агIорхьа дIайирзира…