Века все смелют. Дни пройдут.
Людская речь в один язык сольется.
Историк, сочиняя труд,
Над нашей рознью улыбнется!
— Дика стихаш йу, Есенина йазйина… Амма, массо а къаьмнех а цхьа къам а хуьлуш, массо а адамийн меттанех цхьа мотт а хуьлуш йолу зама, хаалахь, оьшуш йац, хьуна: къаьмнаш бертахь хила деза, амма вовшашлахь иэ а делла, дан ца деза. Бешан хьал а, хазалла а зезагаш шортта бес-бесара хиларца йу… Адамаш эгIориг къаьмнаш бес-бесара хилар дац — вуон адамаш ду. Цундела, сан хьесапехь, тахана коьртаниг ду: бес-бесара долчу дуккха а тайпанех, умматех, тобанех мел болу а оьзданаш, цхьабарт хилла, цхьанакхетар: цара тIаккха вуон эшор дара.
— Лев Толстойс а и ма-аллара, бохий ахь, — тIетуьйхира Керима.
— ХIаъанний! — резахилира Анна Львовна. — Суна хетарехь тахана: «Дуьненан массо а мехкан пролетареш цхьаьнакхета» а ца бохуш, «Дуьненан массо а мехкан оьздаберш цхьаьнакхетта!» аьлла, кхайкхо дезар-кх! TIe… пролетареш цхьана а кхетта, баьккхина толам а ма ца гой вайна, йа Америкехь а, йа Малхбузе Европехь а!.. Тахана оьшурш Робеспьеран, Маратан масалш доцуш, кхин масалш дара-кх: Лев Толстой!.. Махатма Ганди!.. Альберт Швейцер!.. Ян Корчак!.. Куьг чIогIачарел а дуьненна тахана дог диканаш, дог цIенанаш оьшу!..
БIаьрг цунна тIебоьггIана, ладоьгIура шина а йишас.
— Ма дика ду вай йуха а вовшахкхетта, — цунна марахьаьрчира Нурседа.
— ХIан, сан йаха деза, йуха а гур ду вай!.. Баркалла! — аьлла, сохьте а хьаьжна, Анна Львовний, цуьнца цхьаьна Селитий арайелира.
Анна Львовнина чухула пхьарс а баьккхина, меллаша йогIура Селита. XIopш школин керта кхаьчча, гуллуш бара хьехархой. Егорыч а хьийзара кертахь.
— Егорыч! Валол кечйел зал. Берриш схьагулбелча, хаийта. Со чу а хIоьттина, хIинцца схьайогIу, — Селитица шайн чу йахара Анна Львовна.
Цуьнан хIусам чуьра кеп хьалхалерраниг йара. Мацах санна йуха а, вовшийн белшаш тIехула пхьаьрсаш а даьхна, корах арахьоьжуш Iapa xIapa шиъ. ДIабуза болабелла малх хIинца а бовхха лепара. Даимлера лаьмнаш ойлане схьахьуьйсура, кхаьрца мел хилларг а хьалххе дуьйна а шайна хууш хиллачух тера. Заявкашца лучу концертехь радиочухула, кхеран дог-ойла марсайохуш, лоькхура Чайковскийн йалхалгIа патетически симфони. Кхарна мел дезнарг, хIорш мел хьегнарг — кхочушхиллера, амма дог Iийжош, дуьхьалтуьйсура боцурш. Йист ца хуьлуш Iapa xIapa шиъ.
— ХIумма а дац, вайна даккхий вуонаш гинехь а — вай ирсе ду: кху уггаре а хазачу а, халачу а муьрехь дахар кхаьчна вайна! — элира хьехархочо. Цуьнан бIаьргаш, хьалха санна кхетаман кIоргера духдуьйлучу нуьрца догура. Горгали бека хезира. Коре хIоьттира Егорыч. Iодика йина, Селита арайелира. Анна Львовна педсовете йахара. Кхана дешаран керла шо долалора.