НУРСЕДАС TOЬХНA TIAPA
ЦIа кхелхина нохчий, гIалгIай дог айаделла, тохара Советан Iедал доккхучу муьрехь санна, хIайтъаьлла хьийзара, партис шайн республика йухахIоттайарх баккхийбеш.
Амма йуьххьехь дуьйна а гуш дара партин коьртехь а цу хьокъехь массо а цхьана ойланехь цахилар: молотовгIеран цIоганхоша кхузахь а ма-хуьллу дуьхьало йора оцу гIуллакхна. ЦIа баьхкина нохчий, гIалгIай тIе ца оьцура, церан долахь хилла долу цIенош царна йуха ца лора, йа кхин Iойленаш а ца нисйора, балха ца буьтура, цхьамма а меттигерчу Iедалхойх, «шу цIа даьхки-кх!» аьлла, маршаллаш хаьттина, дог дика a ца дира церан.
Махкахбаьхна де дицдеш, догъэшийна тIеийцира уьш меттигерчу Iедалхоша. Четарш а тоьхна, йарташкахь, шайн хиллачу цIеношна хьалха, арахь буьйсанаш йаха дезаш хилира дуккха а доьзалш. Йуха а, тохара махках дохуш санна, цамгарш… берийн делхарш… баккхийчийн догъIийжарш… Эххар а, цхьацца къонахаша вовшахкхетта, фотоаппаратца церан суьрташ а дохуш, долу хьал ма-дарра Москвага хаийтича, хийцаделира гIуллакх… ГIалахь августехь хиллачу «митинго» а бIаьргаш биллира дуккханнийн а… Нохчий, гIалгIай балха дIаэца болийра…
Тавсолта йуха а колхозе бошмашлелорхочун балха вахара. Селита школе, йуьхьанцарчу классашкахь хьехархо йина, дIаийцира Анна Львовнин гIоьнца. Цигга деша дIанисдира Нурседин ши бер а: кхойтта шо кхаьчна Джамбуллий, цхьайтта шо долу Замий. Доьзална йуург а кечйеш, цIийннаналла лело Джейран цIахь сецира.
Школехь Селитас йуха а тIелецира кертара беш Iалашйар: дешархошна йуккъехь дитташ дийкъира, тоьллачун кар-кара йала комсомольски вымпел билгалйаьккхира, комсомольски жюри а хаьржира. Джамбулний, Заминий кхечира «Нурседин», «Терентьевн», «Кериман» кхо дитт. Амма важа кхо дитт: «шениг», «Даудниг», «Увайсаниг» — Селитас хIинца а шен Iуналлехь дитира. Массо а нисвеллера хIинца балха, амма Нурседа тIаьхьа соьцура: йа библиотекин заведующи а, йа туькана а, йа Селитица школе балха йаха а ца лиира цунна. ТIаьххьара а, кхузарчу колхозан шурин-товарни ферме хьелиозархо йахара иза, дукханна а дийцар доккхуш.
— И болх хIунда хаьржи ахь, ва Нурседа, иза-х вукхарел хала бу? — хаьттира дас.
— Халонех-м ца кхоьрура со, дада… Вукхарел xIapa бевзаш хиларна хаьржи-кх, — элира Нурседас.
— Туькана, мукъна а, хIунда ца йаха хьо? — шега цхьамма хаьттича а, — суна гIопастана тIехьа готта хета, — олура цо. — ГIoмат санна, хьалха алдаркх а оьллина, латта.
Дуьххьара xIapa ферме йеанчу дийнахь, кхеран бригадир йолчу дояркас, йетт уьйзучуьра схьа а йирзина, хаьттира, «о» элп цхьа шатайпа дах а деш:
— Аш хIун леладо?.. И итт классаш чекх а йаьхна… шайна кхин белхаш а лушшехь, кхуза хIунда гIерта-те шу?