Бригадехь кхин а бара, Нурседел хьалха баьхкина, ворхI а, бархI а классаш чекхйаьхнарш. ХIинца xIapa итт чекхйаьккхинарг а тIекхетча, къаьсттина цецйаьллера дешаза йолу Алпату.
— Жима йолуш дуьйна а шура марзйелла йара со, — забар йира Нурседас.
— Хаац, ша и дацахь, — пхьуьйшаца шен хьаьж тIера хьацар дIадаьккхира Алпатус.
— Ва Алпату, дояркаш а хила безий дешна-м! — дехьара схьа мохь туьйхира, торгIала йетт узуш йоллучу къоначу хьелиозархочо.
— Хьо а йара кхузахь, Зураъ!.. Хала, хьаха, дацара, шун санна, йоза хаахьара-м…
— И-м хIун дара… Хала, хьаха, дацара, хьан санна, хаза майра велахьара! — кегийрнаш бийлабелпра.
Фермехь антисанитари гора, эвсаралла лоха лаьттара. Шура йаккхаран план кхочуш ца йо шолгIа шо а дара. Кхеран болх айа гIерташ кест-кеста богIура райкомера накъостий, райисполкоман белхахой а, къаьсттина, фермех жоп луш волу, райсоветан председателан заместитель Албастов Керим а.
Бутт а балале Нурседас шен меттиг къагийра: хьелий массарчул дика Iалашдора, баханчу цхьана баттахь, ша узуш болчу шийтта аттера, планехь йогIучул, шозза совйаьккхира шура. Иза цу фермехь дуьххьара хилла хIума дара. Цунах вукхаьрга а масал эцийта, уьш иракараxIитто, тахана цига веанера Керим. Бригадаш, хуьйцуш, йухайира. Массеран а бертахь Нурседа кхеран бригадан куьйгалхо хаьржира, шозлагIчу бригадан коьрте хIинца Алпату а хIоттош, кхозлагIниг Зураэхь йитира. Кхеран собрани чекх а йаьлла, дояркаш хьелий оза йуха охьа ма-хевшши, Грозный-гIалара ши корреспондент кхечира.
— Уьш бу, шуна, тхан жигархой, — аьлла, баьхкинарш Нурсединий, Алпатуний, Зураъний тIе а хьовсийна, Керим фермин кIаранашка хьажа вахара.
Корреспондентех цхьаъ Алпатуций, Зураъций къамел дан охьахиира, шена цига йуххе хIоттийначу, лохачу гIанта тIе.
ДегIана лекхо, товш хетало важа корреспондент, шен можачу костюмца, цIен галстук а йихкина, готтий когаш долчу хечица, бIаьргех Iаьржа куьзганаш а дохкуш, вахана, Нурседина йуххе охьалахвелира.
— Со республикански газетан корреспондент Цицигов Хьоза ву! — Iаьржа куьзганаш бIаьргех дIа а дохуш, безамехь велакъежира иза. Нурседа а лерина хьаьжира цуьнга. Дикка йаздеш а Iийна, Цициговс ца хуучуха гIант тIехилийра, ткъа цунах, схьайеттало, духех ийна, маларан хьожа ца тайна, Нурседа ларамаза дIахилира. Шен гIант кхин тIе ца хилош, дуккха а йаздина ша ваьлча, Цициговс, блокнот кисана а йиллина, куьзганаш йуха дIа а доьхкина, дегала элира Нурседе:
— Тхох, журналистех, дукха хIума дозу, хьуна, дуьнен чохь. Стеган сий айар а, дожор а! Ас йаздийр ду хьох!.. Радиохула а, газеташ тIехь а йуьйцур йу хьо!.. Кино оьхий хьо? — Нурседин бIаьргаш чу хьаьжира иза.