Светлый фон

— Дукха хан йу йахаза, — ойлане элира Нурседас.

— Хьан ца йохуьйту хьо? Майрчо ца йохуьйту?

— Сан майра вац, — гIийло дийкира Нурседин аз.

Цицигов, йуьхьа тIехь халахетаран кеп хIоттош, вулавелира:

— Тховса хIун кино йу гойтуш? Хаьий хьуна? — тIaккxa, аз лахдеш, кхечарна цахеззарг тIетуьйхира: — Хьовса гIyo вай сарахь?

Нурседас: «ХIан-хIа!» — бохучу кепара корта ластийра.

«Эхь хеташ йу», — хийтира Цициговна. — ХIа! Ас газеташна сурт даккха хьан… нислол… иштта… хIа-хIан… — аьлла, шен фотоаппарат Нурседина тIехьажийра цо.

Нурседина тIе а волавелла, ша и нисйечуха, цо, лаца ца богIучу кепара, цуьнан пхьарс лецира. ЦIеххьана тата оьккхуьйтуш, тIара делира. Цициговн коьртара шляпа а, мера тIера куьзганаш а генна дIадахара, багара цигаьрка йоьжна Iуьллура, кIур а оьхуш.

— ХIай! Iадатийн тIуьйлиг! Хьайн Iадаташ гойтуш хир йу хьо! Ас хоуьйтур ду хьуна! — карзахвелира иза.

Даьлла тата а хезна, важа накъост тIевеара. Хьелиозархой а тIегулбелира.

— Хьовсийша, сурт доккхуш пхьаьрсах куьг хьакхаделча, туьйхи-кх! — оьшучул а чIогIа мохь беттара цо, кху йуьхьIаржонах, ша хIун дича, хьалхавер вара ца хууш.

Керим а, учетчик а тIевеара.

— Ас хIинцца акт а хIоттийна, суьде лур йу! Ас… чуйуллуьйтур йу хьо! Пачхьалкхо ца могуьйту шен корреспондентан сий дайар! Iадатийн къуьрдиг!

— ХIан-хIа! Суна гира ахь цуьнан пхьарс муха лецира, — элира Алпатус.

— Суна и цуьнан лере таьIаш а, дера, гира! — тIечIагIдира вукху дояркас.

— Суна… тIара долуш а, дера, хезира! — Зурас а аьлла, массо а дояркаш гIадбахана белабелира.

— Делан дуьхьа! Ма нийса тоьхна тIара ду-кх и, Нурседа, да-м! Оцу куьйга ахь шура алсам йаккхарх хIинца хIумма а тамаш ца бо-кх оха! — хастийра и Алпатус.

— Сий доцу йамартхой! — Хьоза карзахвуьйлура.

— Тхан а, хьайн а сий дойу йамартхо хьо ву-кх! Хьан кассета чохь пленкаш а йацара новкъахь дуьйна!.. Валол! — аьлла, иза вукхо хьалха а ваьккхина, дIабахара уьш.

— Дера, ца хаьа, Нурседа, Баккъал, хьуна хьан йелла и бакъо нахана тIара детта! Хьо-х партехь йу! ЧIоггIа дIааьлча а, тоьар дац ишттачохь?.. Хьо йезаелла хила а мегарий иза-м, — забаре бехк баьккхира Керима, амма цунах шен дагахь воккхавера иза.