НеI ца тухуш, чувелира, боккха месала куй а коьртахь, къено йуьртахо. Нурседа, коьртара йовлакх тодеш, хьалагIаьттира:
— Охьахаа, Абубакар… хIунда веанера хьо?
— ЦIеношна тхов тIеберзоза биси-кх сан, Нурседа. ХIинца ахь гIo ца дахь, догIанаш ма-дилххи, берриг болх бов-кх сан… шифер оьшу… Колхозо йац эли…
Нурседас йаздина кехат делира:
— Вало, райсовете а гIой, цигахь председателе, йа цуьнан заместитель волчу, вайн йуьртахочуьнга Кериме xIapa дIало… КIеззиг йу хьуна церан… Йерриш ца лахь а, ах, мукъа, лур йу хьуна.
— ХIай баркалла! — кехат кисана а таIийна, йуьртахо дIавахара…
«Амма… массарел халаниг интернат йар ду… Бакъду»…
— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийн маттахь.
— Мегар ду!
Чуйелира оьрсийн къона ши йоI.
— Де дика хуьлда хьан, Нурседа Тавсултановна! Тхойша керла йаийтина ши хьехархо йу. Тхан хIусамна, догIанаш ма-дилххи, чу ладар догIу…
— Цул сов, — элира вукхо, — кхузарчу туькана деана бепиг, шекар, даьттий… тхо балхахь дохккушехь, кхача а дой, тхо дуьсу… Тхуна буха дита алийша!..
— Дика ду. И шозлагIниг — кхана дуьйна а кхочушхир ду… ХIусаман гIуллакх ду халаниг. Сихха тайойтур йу вай!..
— Баркалла… Iодика йойла!.. — дIабахара уьш.
Цу сохьта телефон йийкира.
— ХIа-а! Де дика хуьлда хьан, Анна Львовна!.. Маса де ду цIахь сацийна? Фамили… дIайазйи ас: Хайдарова Эсила, пхийтта шо… Маре йала а дагахь бу? Тахханехь къастор ду… Эсила школе йуха хьажайойтур йу, хьуна, ас, Анна Львовна! Гур ду хьуна… Iодика йойла, Анна Львовна…
Йуха а шен ойланашна чуйуьйлира Нурседа:
«Бакъду, хала делахь а, уггар оьшург ду хIинца интернат йар: и ЭсилагIар, шайнна мехкарийн интернат а йина, божарех дIакъастийча, мукъна, дешна бовллалц йукъах ца баха мегара-кх болчара!..
— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийчун аз.
— Мегар ду.