— Суо партехь хиларна лардо ас сайн сий! И тайпа эвхьазло суна ца оьшу! И санначарна и хьалххе дуьйна а хууш хила деза!
— Дера, и лерган потт эккхийтичий бен Iадда ма ца Iа цхьаверг! — гIодаьккхира Алпатус.
— Цо хIун дора, цкъа Сиржа-эвлара хьаьмц кхаьллича санна, цIоцкъам саттош, тIаккха, гIалара кампет йиъча санна, балдаш цIубдеш? ДIахьовсал дIо: хIинца а кIур оьхуш, лаьттахь богуш бу, шуна, цуьнан безам, — аьлла, лаьттахь Iуьллучу цигаьркана тIе пIелг а хьажийна, берриш йуха а белийра Зураа.
— Бакълоь, бакълоь Нурседа! — массара къобалйира иза.
Цигара райцентрехьа вахара Керим, новкъахь Нурседин ойла а йеш: «Ийна йу, амма эвхьазло йезаш йац! Оьзда а йу, къонаха а йу!» — сацийра цо.
ТIаккха Кериман ойла шен цIентIерачу хьолехьа йирзира: «Дикачохь, райцентрехь пачхьалкхо йелла хаза хIусам лаьтта, амма чохь дог тIеузу синкъераме нур дагац… Кесира дIайаьлчахьана. Хьалакхиъна Каташ а кестта зуда а йалийна, шена вер ву… Жимачу Заретаца суо цхьалха муха Iийр ву со? — цу ойлано хьалха а кест-кеста хьовзавора Керим. Оцу ойланна тIе мосазза кхечи, лаамаза, йа лааме, Нурседа дагайогIура цунна, иза шеца бакъахьа а, хьакъ а хеташ. Амма кхетамо цу сохьта дIатоттура и, йуккъера лелийна гергарло а, Тавсолта а дагалоций. Делахь а, и ойла цуьнан коьртехь эвхьазайаьллера: «Цуьнан а ду, сан санна, бераш… со царна хьанал да а хир вара»… Амма Тавсолта йуха а дуьхьаллоций: «Йуккъехь иштта лелла гергарло хилча, наха а и харцахьа тидахь», — олий, йуха а дагара дIатоттура цо иза.
Делахь а… цхьа хан йаьлча, хьаьвззий, йуха а цу тIе йогIура ойла. Тахана а и ойла керлачу нуьцкъаца йехха сецира Кериман даг чохь, хIинцца хиллачо самайаьккхина. ХIинца дуьйна Кериман коьрта гIайгIа, хIун дина, оьзда хиндолчу aгIop, кхочушйийр йара-те и ойла аьлла, йара. Нурседас и магадахь, Тавсолтега ца хьоьжуш а, и йало сацам бира цо шен дагахь… Цо цу гIуллакхан сихо йан дагалецира, амма оццу гурахь Нурседа цIеххьана Эскинойн сельсоветан председатель хаьржира.
— Божарийн балха йахан-ц! — реза ца хилира Тавсолта.
ЙУЬРТДЕН ДЕЗАРШ
Сельсовет а, колхозан правлени а цхьана тхов кIел йара, тIе шифер йиллинчу йеттинчу кибарчигийн цIенош чохь. Йуьртден кабинета чохь, стоьла тIехь кехаташ а даржийна, шина куьйга корта а лаьцна Iан Нурседа, доккха са а даьккхина, арахьаьжира: маьлхан зIаьнаршлахь коре кхевдина гаьннийн гIаш, буьйран басахь къегара, мох а боццушехь, меллаша охьаоьгура, дитта кIел можа палс баржош.
Кехаташна тIелахйелира Нурседа: xIoкху деношкахь сельсоветан сессехь а, тIе хIинцца райсоветехь а чIагIйинчу плано некъаш тадарал, пачхьалкхан заготовка кхочушйарал совнаха, тIедиллинера йуьрта сихха электросерло йалор, школин кертахь мехкарийн интернат йар, ширачу Iадаташца къовсам марсабаккхар…