Светлый фон

Чоьхьавелира лекхочу дегIахь, оьгIазваханчу сибатехь къона стаг:

— Накъост Берсанова! ХIокху тайпана гIуллакхаш дIадолхахь, со кхузара дIагIур ву… Стохка а милла лара со медпунктехь, хIинца а, кханий-кханий бохуш, дечиг даза ду… Iа мера кIел лаьтта.

— Олег! ОьгIаз ма эха! Дечиг хуьлуьйтур ду хьуна… Кхана суьйранна колхозан правлени хуьлу… дIавола. Со а хир йу. Цигахь дуьйцур ду вай.

И дIавахара. НеI ца тухуш, жимо йоI чуйелира.

— Дийцал, йоI, хIинца айхьа деанарг.

— Со лахахьара, хьер йолчуьрчу Iалвин йоI Миспаъ йу. Ас кху шарахь ворхI класс чекхйаьккхинера… суна кхин а дIа деша лаьара… амма тхан дас цIахь сацийна со, йуьртах а йаьлла, божаршца цхьаьна деша йохуьйтур йац ша аьлла… суна хезнера гIалитIахь нохчийн мехкарийн интернат йу, бохуш… дешна йаьлча, цхьацца корматалла а луш. Тхан да берта а валош, со цига нисйан хьажахьа, Нурседа.

Нурседина дагадеара: «Ма хала дийшира хIетахь ас а… шимма а… Ткъа хIинца а… кхета ца бохку-те вайн нах? Россехара специалисташ кхуза схьабоьхуш, уьш кхузахь сецош, къахьоьгу, ткъа вешачаьрга деша а ца доьшуьйту… Дош дац xIapa», — стоьла тIе буй а тоьхна, йуха, хьалхара йоI а гина, йелакъежира Нурседа:

— Миспаъ, гул а дай, кхана схьада хьайн доллу документаш. ТIаьхьо-м ду, делахь а хьожур йу со.

— Баркалла хьуна, Нурседа.

Миспаъ арайелира. Йуха а, беснех буй а гIортийна, ойла йора Нурседас: «Интернат йан йеза!.. ГIишлошна оьшу гIиpc а, ахча а, гIоьртича, схьакарор ду. Йан йолийчахьана чекх йер йу, амма»… Нурседин ойла кхоьлира: Iадатийн гуш боцу маша, нохчашлахь Казахстанехь мелла а малбелла хилла болу, уьш йуха цIабирзича, сихха андлуш богIура кху йуьртахь. Мехкарий доьшучуьра йукъахбохуш, цIахь сецор а, тоххара йицйелла чIираш йухахьейар а хезара, белхаш беш арахь алссам хуьлу зударий, кинохь ганне а ца гора. Iадаташ эша а диний бен, дIадахьа йиш йацара халкъ культурехь кхиор!

«Амма муьлхачу йуьххьера, хьалха хIун схьалаьцна, дIаболо беза и къийсам?» — ойла йopa цо. Кхин цхьа хIума а дара дагахь: Тавсолта… иза а дуьхьал вер ву… Шен деца девне а йолуш, цунна вас а йеш бен, и гIуллакх дIадоло йиш йацар дара уггар халаниг: да везара! Бераш ца дезна вацара иза. Делахь а цхьаьнгге а хецца цу хьокъехь йистхила йуьхь-м йац, цкъа шен чуьрчу Iадатех ца тасалуш. «ТIаккха — дена дуьхьал йаьлларг хир йу… Селита а тIе ца тан мега», — кхуьнан ойла хуьллушехь, Селита чуйелира:

— Халла саций-кх ас Джейран, хIинцца дIагIур йу ша аьлла, тохайеллачуьра.

— XIун хилла?

— Дадас дов дина-кх, коьртаIуьйра ара хIунда йаьлла аьлла…

— И-м дош ма дац, дадас лелориг: дуьненан йистера схьа а йалийна!.. Кхин хIун ду?