— Ниночкин, Каташан ловзар… Комсомольски ловзар! Кхана хуьлу… тхан школехь… Вайга а кхайкхина Анна Львовнас, — йекхайелира Селита.
— Кечло, сихха совгIаташ а эций, — резахилира Нурседа.
И дIайахча, ойла йора Нурседас:
«Бакъду, Iадаташ хIинца а чIогIа ду, амма бертахь тIетаIахь, эша лур ду!» Нурседас сацийра йуьртахь цу тIеман йуьхь кханнехь дIайоло! Оцу комсомольски ловзаргахь! «Амма стенна тIера, муха? — ойла йора цо. — И комсомольски ловзар ша а ду Iадатна дуьхьал керла хIума. ХIетте а, кхин ондо цхьа агитационни хIума тIетоха деза цигахь. ХIун тухур дара? Муьлхарг ду- техьа и, пайдехь долу, «цхьа хIума?»… «Райкомах цкъа дагайала деза», — ойла хилла, хьалагIаьттира и.
Чувелира жима стаг, боьмаша костюм а тIехь, кIайчу кучаца, кепка а тиллина, IатIаран хьожа а йетталуш — клубан заведующи Баштиров:
— XIapa-м со вара, Нурседа! Хьо кхойкху, бохура-кх…
— Кхойкхура. XIapa шун куьпара йоI, школе оьхучуьра сецна. Къаста а дай, Iуьйрре и школе йуха дIа а хьажайай, соьга хаийта! — Нурседас кехатан цуьрг дIайелира цуьнга: — Хьо ма ву культкомиссин председатель!..
Жима стаг, бIаьргаш тIедугIуш вела а къежна, дIавахара.
«ХIуьрцIаьлдиг!.. Кхуьнан зуда беркъа лела тIехь, — шеца фермехь болх бина Алпату дагаеара кхунна. — Ткъа xIapa… и бIаьргаш хьандина, нIаьна санна, сетта!» — оьгIазе ойла йира Нурседас…
Кабинета чуьра ара а йаьлла, шоссейни новкъахула меллаша йоьдура и райцентрехьа, хьалабаьллачу малхо дацдина шен IиндагIа а хьоьшуш. ШолгIачу этажа тIехь йолчу райкоман секретаран кабинетахь Нурседина хьалхара а, шолгIа а секретарь карийра, аравала дагахь, ший а коьрта техкинчу фуражкашца, ирахь къамел деш.
— Де дика хуьлда шун!
— А, Нурседа!.. марша йогIийла. Дийцал, йуьртда, xIун дохьуш йеана хьо? — элира хьалхарчу секретаро.
Нурседас доцца дийцира. Коьртара фуражка схьайаьккхина, стоьла тIе а йуьллуш, хийцавеллачу йуьхьаца шен метте охьалахвелира хьалхара секретарь, леррина шолгIачуьнга а хьожуш. Иза а, шен фуражка, гIентах а уллуш, охьахиира вукхунна дуьхьал. ТIаккха хиира охьа Нурседа а. Хьалхарчу секретара горгали а тоьхна, чуйеара жима йоI.
— Рая! Схьакхайкхал женотделей, комсомолан секретарей.
Уьш а чубаьхкира. Нурседас, хIинца сих ца луш, дерриг йухадийцира. Хьалхарчу секретаро элира: «Кечам чIогIа бан беза», — шозлагIчу секретаре дIахьаьжира хьалхарниг:
— Вайн районехь дуьххьара хуьлучу комсомольски ловзаро вайн декхарш алсамдоху! — йуха завженотделехьай, цунна йуххехь Iачу райкоман комсомолан секретарехьай вирзира иза:
— Муха хета шуна? Чекхдаьррий-те?
— Дала-м деза! — элира шимма а.