— Делахь, со воьду… соь хьоьжуш хир бу… Ахь дисина гIуллакхаш чекхдаха кхаьрца… тIаьхьа тIевогIур хьо, — аравелира хьалхара секретарь…
* * *
Шена нисйеллачу киракхоьхьучу машенахь райцентрера йухайирзина Нурседа Эскинойн школин кетIахь машен тIера охьайоьссира. Кертахь, «Дада-бIарана» уллохь ойлане лаьттара Егорыч; дешаран корпусан учахь къамел деш йара Селитий, Анна Львовний. УьйтIе шера дIацIанйинера.
— О-о! Шу-м дика кечделла, Анна Львовна!.. Со райцентрера йoгIy.
— И шиъ а ду кестта цигара схьакхача дезаш. Райзагсера. Ца гира хьуна?
— ХIан-хIа. Ма дика ду, ма дика ду и, Анна Львовна!
Уьш массо школа тIехьа бевлира, комиссис интернатана магийначу майдане хьовса. Йуха, буьйлабелла, «Дада-бIар» долчухьа схьабаьхкира. Цунна кIел ойлане лаьттачу Егорыче:
— ТIаккха, хIун саций ахь, Егорыч? — хаьттира Анна Львовнас.
— ХIокху къеначу дитто оцу кхаа диттана новкъарло йо, уьш лакхадовла ца дуьтуш. Ткъа цара кхунна а йо новкъарло, шайн орамашца дIо бухара тIуналла шайна дIауьйзуш. ХIорш вовшашна йуххехь кхин дIа тарлац… ХIокхарех цхьаъ: йа и кхо къона дитт, йа xIapa къена цхьаъ — новкъара дIадаккха деза! Амма и къонанаш хьалакхиа хьакъ ду, Ткъа xIapa къенаниг а ду, сох тера, къена делахь а, кхин а вайна пайденна, даха ницкъ болуш. Цундела кхунах а, сайх санна, къахета… ХIетте а, цхьаъ ца дича а ца волу! Къахетахь a, xIapa 6Iap дIа а даьккхина, оцу къоначу кхаанна некъ бита сацадо ас-м. Ахьа?
— Кхин дан хIума-м, дера, дац, Егорыч! — резахилира директор.
— Диалектикехь а нийса хьесап ду-кх ахь динарг! — забаре йукъаIоьттира Нурседас:
— «ДIадоьдучо тIекхуьучунна некъ буьту».
Селитин йуьхь кхоьлира:
— Муха?.. «Дада-бIар» дIахадой? Иза-х вайн тIамехь байначийн чурт ду! — дуьхьалйелира и.
Нурседа йелакъежира:
— Дика ду, Селита. Вай дитча а, кестта ша а дакъалур ма ду иза, вуьш а хIаллак а деш! Уьш а ма ду вайн тIаме баханчеран безамна доьгIна.
Селита, йоьгIча санна, лаьттара хьаж тIехь белхи а бина, ойла йеш:
— Суна хаьа дан дезарг! — йуьхь серлайелира цуьнан.
— Дийцал! — лерина схьахьаьжира цецваьлла Егорыч, тIехилира: «ХIун карий-техьа кхунна?» — дагатесна.