Светлый фон

— И кхо дитт кхузара, бух а даьккхина, хьуьлла татолан йисте догIа деза… Гой шуна: хIетахь, синтарш а ца тоьъна, цигахь паргIат йисина меттиг йу! Цу хин йистехь къона уьш кхин а сиха кхуьур ду! Ткъа «Дада-бIарна» а паргIато йолу!

— ОстопираллахI! И ду-кх доггах вилхинчун бIаьргех цIий деъна бохург! — тамаш бира Нурседас.

Егорыч велакъежара:

— Селита Тавсултановна! Оха кхунна йина къиза кхел хийци-кх ахь! Лечуьра даьккхи-кх ахь xIapa дитт!

Сакъераделлачу Егорыча «Дада-бIаран» хенах, воккхавеш, йай-й бел туьйхира:

— Кхин а дехар ду вайша, воккха стаг!

ЦIеххьана бел кхеттачуьра доьхна охьадеара, хьалххехь дуьйна а схьасевсина, цигара мурдоьлла хилла кховра. Цунна тIехьара охьаийгира: нодарчий, къоламан йуьхьигаш, циркуль, сийначу англин кийсик, дIабузучу маьлхан зIаьнаршлахь цIеххьана лепа, эппаз санна, горга эчиг. Уьш, беран хенахь школьникаша цига, кховра тIехьа, чукхийсина йара. Селитас сихха схьаийцира и горганиг. Цунна тIера мекха дIайоккхуш, гIa хьаькхира:

— Хьажахьа, Нурседа! Хьажахьа! Маццах, Каташший, Ниночкий къовсаделча, йайна вайн «Ленинан значок»!

Нурседас, тIе йовлакх хьаькхна, кхин а къага а йина, Селитин хьалха оьллира:

— Хьуна йогIу!

Селитин некха тIера, тохара беран хенахь санна, йуха а кхарна велакъежира Ленин.

Схьакхечира йаххьаш йогу Каташший, Ниночкий. Анна Львовна йекхайелира.

— Гой шуна xIapa ши кехат! — Каташа буйнахь схьаоьхьура кехаташ.

— Цхьаъ-м загсера ду. Важа? — хаьттира Нурседас.

— Райкомо тхойшинна целинни махка даха йелла путевка! Тхан дехарца! Хьовсал!..

Ниночкица царна тIевеара иза. Ший а сакъералуш дара.

Нурседас, Селитас шинне а барт баьккхира. Селитин некха тIехь йоллучу значоке хьаьжира и шиъ леррина.

— Евзий шуна?

Ший а ойлане хьоьжура. ЦIеххьана мохь белира:

— Хир йац!