Светлый фон

Шеца хааделла харцахьара лаар эшадаро чIагIйо адаман оьздангалла а, цуьнан ша-шех йолу бакъ куралла а. Схьагарехь, вешан лаарш даима кхетамца литтар, царна тIера вешан урхалла карара цкъа а дIацахецар ду-кх вешан кхолламан харш а вайга билгалдокхуьйтург!

Селитас, тата дайина, устазе санна, ладоьгIура Анна Львовне: хьехархочун хьесапехь шен дахаран некъ а нислой хьоьжура иза.

Кхеран къамелаш чекхдовллуш, кинора хенал хьалха цIа кхечира Тавсолта.

— Хаза йарий Iаьрбийн кино, дада? — самукъане хаьттира Селитас

— Со-м ца Iийра и чекхйаллалц: уьш мичара бу Iаьрбий?.. йа бусалбанаш а? Цхьа цIерш йара-кх бусалбанийн, Iаьрбий лела иштта: шляпанаш а техкина, можмаш йаьшна! Ткъа зударий… тпуьй! — корта а хьовзош, цIенкъа туйнаш туьйхира Тавсолтас. — Шаберш коьртаIуьйра, месаш хедийна. Ткъа цхьаберш, пхьаьрсаш а дерзина, божарийн марахь хелхабуьйлуш… Со дIакхаьчча бухахь, цхьадика, суна йуххехь и БаштагIеран кIант а нисвелла, цакхетарг цо схьадуьйцура. Амма и ша а, дера, вара оцу балхах ца вешаш. Далла бу хастам! Далла бу хастам, вайлахь и доцчуьра!.. Егорыч-м цигахь висира, — корта хьийзош, дехьа чу вахара Тавсолта.

Нурседин йуьхь ойлане кхоьлира: «Тера а вац тIетан воллучух».

— ХIа, дIадоха вай… Ахат, хьо соьца дIавола. Буьйса йаккхарна со волчохь паргIат ду кхузахьчул, — элира Керима.

— ХIан-хIа, баркалла. ТIаккха… сан кхарна йала газа а йац!.. Кхузахь Iер со. Баркалла! — забар йира нохчийн и кица хезинчу Ахата.

Вовшийн Iодика а йина, самукъадаьлла хьеший дIасабахара. ТавсолтагIеран чуьранаш а набарна тохабелира. Тийна, йист ца хуьлуш, метта йелира Нурседа.

 

КОМСОМОЛЬСКИ ЛОВЗАР

 

Массарна наб кхеттачул тIаьхьа а йехха Iиллира Нурседа, ха хоьрцуш, буьйсанан боданехь ойланаш йеш кханенна ша кечдинчу гIуллакхан: «Мехкаршца-м барт хилира. Делахь а, муха чекхдаьр-те и? Да-м цига ца ван а мега», — иза Iаьрбийн кинора вадар дагадеара йоIана.

Пенехьа букъ берзош, ха хаьрцира Нурседас, доккха са а даьккхина. Корехула арахьаьжча, буьйсанан бода зарзбеш, стигалара охьахьуьйсура эзарнаш седарчий. Чухч-хьерана буьххьехь богу, меттах ца хьов къилбаседа а чу къедира. Йуха а, ца соцуш ойланаш йора Нурседас: «Баккхийчарна йуккъехь а бу вайгахьа берш. Амма Тавсолта саннарш атта къарлур бац»…

Нурседина дагадеара, Казахстанехь шаьшшинна дийнахь кино йахар могуьйтуш хилла Тавсолта, хIинца кхузахь, дийнахь кино даха шега пурба дехча, ирахъэккхар:

— ХIан-хIа! Наха тIехтухур ду! Зама а коьртахь йовлакх а доцуш оьху школе! Жима йелахь а, хьалххе дуьйна Iамайе оьздангалла! — омра дира цо

Нурседа IадIийра, деца девне йала а ца лиъна. «Иштта IадIаро талхийна гIуллакх! ХIан-хIа! Мегар дац ша резавоцчунна IадIа!», — пенехьа йирзира. — «Къовса деза! Къовсам боло зама кхаьчна. Йуьртахь и къовсам айа дезарш тхо ду… Со йу!» — бохура цо, ша-шега. «Къовса-м хала дацара, халаниг — баккхийчарна халахетийта дезар ду! Бакъду, цара шен заманчохь доьзал кхиийна, бераш а кхаьбна. Делахь а, тхо дайх эхь хеташ, гуттар тхешан гIуллакхашна тIехь а церан йуьхь лоьруш, тIаьхьа сецар нийса хир дац»… Юха а корахьа йоьрзуш, ха хаьрцира цо. «Ча такхийнчу тачи» кIелхьара, мархаш дIасахилийна, церан йистош детех къегош, схьакъедира беттаса. Шен маьнги тIехь, лерга кIел куьг а диллина, набъеш Iуьллура Селита, юьхьа тIехула беттасин мохарчий а оьхуш. Нара тIехь берашца цхьаьна йижинера Джейран. Ахат, дехьа чохь, Тавсолта волччохь, баьрчче нисвинера. «ХIинца а, хьалха санна, да оха лара веза… Iалаш а вийр ву. Амма… ТIекхуьучарна хьалха жоьпаллехь тхо ду! Тоьар ду!» — тIаьххьара и ши дош хозуьйтуш иккхира цуьнан. Селита, ха а хаьрцина, хьалаайаелира. Нурседа, набъечуха бIаьргаш хьаббина, дIатийра. Селита, и набарх луьй моьттина, юха а юргIана кIел юьйлира.