Iаьлбага, урх оьзна, сацийра говр.
– Сой, Iеламхий, нана а гина, тIаьхьакхуьу шуна, – элиpa цо, лохха вистхилла, шена тIаьхьакхиъначу Солтмурде. – Даьттахана кIел, Хьамзин-Ирзехь, говраш йожуьйтуш, совцалаш…
Симсарна тIехула хIинца а кхагаран къаьхьа хьожа лаьтта. Урамна шина а агIор охьайиттина керташ, йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша аьтта стоьмийн дитташ. Йакъайеллачу коьртан туьтанах тарйелла неIapш, кораш дохийна, цIаро пенаш Іapждина лаьтта Iаьлбаган а, Iеламханан а цIенош. Кертахь аддам а дац. ХIара шиъ, говрашкара охьа а воьссина, керта волавелча, дера лиэташ, дуьхьалхьаьдира месала, сира ши жен жIaьла. Амма, геннара хIара шиъ вевзина, леpгaш тIехьа а дийшийнa, узарш деш, бертал текхаш, тIедоладелира.
ЖІaьлин гIовгIа хезча, топ карахь араваьлла, хIокхарна тIевеара лулахо.
– Шу ду хIорш, Iаьлбаг-Хьаьжа? – воьхна хьаьвзира иза, хIара шиъ вевзича.
– Адамаш дукха дайъиний?
– Дера дайъина. Йалх стаг, йиъ зуда, кхо бер а. БІaьрзе Хьамзат а вийна. Миска, шен пoндaрца тIом уггар чIогIачу хьийзара иза.
Ши ваша ца ваьхьара важа байъинарш муьлш бу хатта. Цаьрца шайниш хиларна кхоьрура.
– XIорш мичахь бу? – xaьттира Iеламхана эххар а, керта корта а ластийна.
– Тахана Ножин-Юьрта дIабигна шун доьзалш. Церан йуьртда Умалхьат веанера масех салти а валош.
Цхьана йукъана тийналла хIоьттира. Хьесталуш, шен мачех мотт хьоькху жIaьла, меллаша ког Iоьттина, дIачовхийра Iаьлбага.
– Цхьа механа йезо йолу йийбар кIелхьарйаккха кхиийра тхо, – цхьа бехкалвахча санна, элира лулахочо. – Даьхний а хьуьн чохь ду шун…
Лулахoчун Іодика а йина, болaрeхь йуьртах а ваьлла, накъосташна тIаьхьавахара и шиъ.
Оьший-те, доттагIий, дийца