Свистунов Хаси-Юьрта кхаьчна саxьт а далале, кхуза кхечира Закавказски фронтан коьртакомандующис леррина схьахьажийна полковник Витгенштейн. Цо деанчу кехато бохура, хIокху деношкахь Шемалан кIант ГIеза-Махьма коьртехь а волуш Сухуме доссор долуш Турце кхелхинчу ламанхойх вовшахтоьхна эскар ду. Коьртачу штабе кхaьчначу хаамашца, Сванети а, ГIебарта а гIаттош, цигашхула чекх а ваьлла, Нохчийчу ван план йу ГIеза-Махьмин. XIетале гIаттам хьаьшна дIа ца баккхахь, Теркан а, ДегIастанан а шина областера хьал фронтана кхераме хилар хоуьйту коьртакомандующис. Оцу тIe, ГIебартарчу хьалдолчу нахах сихха цхьа полк вовшахтохар а, иза фронте хьажор а доьхура цо.
Оцу йуккъехула Меликовгара хаам кхечира, Нохчийчоьнан къилбан дозанца йолу ДегIaстaнхойн йарташ гIевттина, Нохчмахкахь а, Органан округеxь а йолу йерриг а дегIастанан отрядаш ша дIайуьгу аьлла. XIинца Iaьлбаг лацар Нохчмахкан отрядна тIехь дуьсура.
6
Салатавехь иэшам хиллачу суьйранна пхьуьйрал тIаьхьа Алмакхера охьа, говрийн урхаш лаьцна, ламанан тархашца хьийзачу гIaшлойн готтачу новкъа чувогIура ши бIe гергга стаг.
Лаха чохь а, дехьа регIаца а йукъ-йукъа гучу гIийлачу серлонаша, мисарболато аьчкан хIума санна, шайна тIеийзабора царах цхьаберш. XIoрaммо а тийна ойла йо шаьш цIахь битинчу доьзалийн. Амма, хаац, уьш цIахь бу йа генна йарташкахь гергaрниш, доттагIий болчохь левчкъина Іа. Шаьш зударий, бераш маца хьоьстур, къеначу дай-нанойн бIаьрг маца белор а ца хаьа. Ган доьгIний а хаац. Тховса санна, буьйсанан къайлехь лечкъаш, цара идо хIара хала некъаш кхана хиэда а тарло, хIорш тIамехь байъина йа, лецна, тангIалкхаш тIе хьалаоьхкина. Къаьсттина боккха бала бу цаьрца вогIучу бIe сoв суьйличун кийраxь. Царах дукхахболчийн доьзалш кхалхийна дIабуьгур бу Іедало. Сибрех ца хьовсабахь а, арен тIе дІacабаржор бу. Вуьшта а къен, миска и зударий а, бераш а лелар ду кIелхIитта тхов боцуш. Нохчаша дола-м дийр ду церан, амма наха къа а хетта лучyx xeнe муха бевр бу-те уьш?
И дерриг хуъyшexь, Iаьлбагна тIаьхьа богIу салатавхой. Шаьш цунна делла дош кхочушдан. Инарло Свистуновс шайн йарташна тIехь хIоттийначу къизаллех бекхам эца. Шайн догIмаш чуьра синош дIадовллалц, маршонeхьа къийса.
Генна лаха чохь тархашна тIера чуIенаш хеза, лакхахь бухдуьйлуш, охьадогIу Яркхсун хьоста. ЦхьакIеззиг ког галбалаxь, даха дог дац говре а, беречуьнга а. Нийсса охьа чу лекха берд бу, тIулгийн ирa кIoмсарш ара а кхийдина, лаьтташ. И хууш, ларлуш йогIу говраш. Некъ чунeхьа болчохь кIегархуьйшу уьш. Цхьаццанхьа бергаш шершича, тIулгаш тIехь суйнаш туьйсу ленаша. Лахо бевлча, варш йолало, тIаккха жимма дIабахча, когаш кIел латта а хаало. ПаргIато садоIу адамаша а, говраша а. Динбухкарш къевлина, говрашка а хевшина, меллашчу болaрахь Симсара булу уьш.