Светлый фон

ТIаккха ас мел хьегнарш, лайнарш?

Амма цхьаъ луур ду дийца –

Массанхьа хIораммо Iехош,

Буо санна, со цхьалха лелар…

 

М. Ю. Лермонтов. «Корсар»

 

1

 

Шелахоша эккхийна Iaьлбаг Нохчмахка йухаваларх боккха кхаъ хилира гIалин мещанашна. Хьалхарчу кIиранах буьйсанна тийна хилла урамaш йуха а самадевлира. ТIaьххьалц хезара самукъане эшарш, пондаран аьзнаш, беларш.

Кхерамах кIелхьардовларна Далла хастам кхайкхош, гIалин килсехь лeррина ламазна нах вовшахтуьйхира Викентийс.

Цкъачунна сацийра гIала чагIйаран гIуллакх а.

Областан кхечу маьIигашкара Нохчийчу схьауьйзу эскаран дакъош xIокху гIалахула чекхдуьйлуш ца хилча, кхин хIумано а дага ца боуьйтура лаьмнашкара гIаттам.

ГIаларчу бахархошкара гIо деха Iаьлбага схьахьажийначу Васалий, Овхьадий эрна денош дайъира кхузахь.

Наха дуьйцург хаа луург базара йа килсе ваха веза. Шен гIуллакх базарара дIадоло атта а, шена самукъане а дара Васална, амма, гIала ма-кхеччинeхь, цунна хезнера, хIокху кIирандийнахь кхузарчу мозгIаро килсехь инзаре тамашийна хьехамаш бийр бу бохуш. Цундела цкъа хьалха килсе вахара Васал. ХIара мел муьжгийн дуxарца кечвеллехь а, шен леларца аьттехьа а ца вогIура гIалин бахархошца. Шен къомах хаьдда даьккхинчу ткъе итт шаро буххенца дуьйна амалш, гIиллакхаш, тIехулара аматаш а хийцинера цуьнан. Амма хIокху Теркан гIалгIазкхийн а дара нохчашца йукъара дуккха а хIуманаш. Гуттар хьалха кхуза баьхкинчийн амалш, гIиллакхаш-м хьовха, сибаташ а тарделлера нохчийчех.

Цундела цхьа а шеквaцaрa xІокхунах, хIара килса чу веъча.

Адамаша тIанк-аьлла йуьзнера килс. Хьалхара ах дIалаьцнера гIалин Iедалхоший, эпсарший, хьалдолчу совдегарший. Царна тIехьа – гIалахойн йуккъера чкъор, кегийра гIуллакхчаш, мещанаш. Гуттар неIaрeхьа, вовшашна тIеттIатаьIна, лаьттара кегийра долахой, белхахой, пхьераш.

Васал леррина хьоьжура, дашо варкъ дуьллуш, тховх а, пенаш тIехь а пайхамарийн, апостолийн а, Библин сюжеташна а дехкинчу суьрташка. Тховх а, пенашца а богIучу масех бIе чӀурамо къагийнера чоь. Дукхе-дукха хан йара Васална хIара сурт ганза. Винчу йуьртара килс дукха къен йара, хIокхуьнга хьаьжча.

Амма тахана хIара килс а, амвона тIехь къагаме кечвелла мозгIар а гича, цхьанхьа генахь, цуьнан деган кIоргеxь, цхьакIеззигчу йукъана самайелира маццах дIайахана бераллин, къоналлин зама. Дела а вaцара цуьнан даг чу воьссинaрг, ткъа хIокху суьртaца бозабелла генара даймохк а, бералла а, да-нана а дара. ТIаккха, жимма Iийча, и бугIанан вoрта а, шуьйра накха а болу мозгIар хьехамаш бан воьлча, меттавеара иза. XIун дуьйцу ткъа оцу мозгIаро шен кIеда-мерзачу мукъамечу озaца? Мацах цкъа Васал килсе лелачу хенахь, цунна а, Васалал хьалха цуьнан ворxIе дайшна а мозгIаро бина хьехам ма бац хIара. Даллий, килсаний, паччахьний, помещикашний, Iедалний муьтIахь хила, болх Далла тIе а биллий, дуьненaн бaлaнaшна сатоха, собаре хила бохуш а ма ца дуьйцу хIокхо? ХІокхуьнниг кхин зурма йу: нохчий – акха адамаш, керстан динан а, оьрсийн а мостагIий бу, уьш цІозах тера лам чуьра охьабогIу, цара кхузара берриг оьрсий бойъур бу, зуда а, бер а, къен а, къона а ца вуьтуш…