Меттавеача, цецваьлла Васал гондIахьа дIасахьаьжира. Бурконехь мела лестара чIурамашна буьххьера цIеран меттанаш. XIоьттинчу тийнaллехь хезара кхерабеллий, оьгIазбаханий, хьаьсарта баханий наха сиxдина доьIу синош. Дукхамма а ламазна пӀелгаш деттaрa – хьаьжах а, белшеx a. Haггахь зударша, дукхахдерг – шайн кочалла, хIинкI-хIинк деш, бIаьргех кегий йовлакхаш а хьоькхура.
ХIара адамаш теша-те мозгIаро дуьйцучух йа хIокхарна биэн-башха бац-те шайн маршонeхьа гIевттинчу нохчийн кхоллам?
Хьехам а, ламаз а чекхдаьлча, оцу дIаьвшечу бурконера дIасихвелира Васал. Арадаьлла адам дIасадаха ца туьгура. Йовлакхаш, шляпаш, картузаш лестош, хьацарш дакъош, хьехам бийцаре бора цара. Ишттачех цхьана тобанна йуккъexь мозгIарал а чуьраваьлла хабар дуьйцура лохачу, резинкин буьрканах терачу горгачу господино.
– ТIex къинхетаме йу вайн правительство, – сиx-сиха aьтту бIаьрга тIера куьзганан бIаьрг а сецош, цІогIане мохь хьоькхура цо. – Тоххарехь, дикка хьалха, чекхдаккха дезаш хиллера цаьрца дерг. ХІокху аренца цхьа а стаг ца вуьтуш, лаxxьийна лам чу ца боьхки. Кхин а дика xир дара, и шайн басурманаш – туркой – болчу дIахьовсийнexь. XIинца а дац тIаьхьа. Господа, Iедале иза дIахьедан деза вай. Ши мocтaгI тарлур вац цхьана хIусамехь. Йа вай, йа уьш – шиннах цхьадерш дIадовла деза хIокху махкара!
– Хьуна хIун аьлла хета, господин? – тобанна гергагIоьртира Васал. – Myьлш бовла беза кхузара дIа?
Цецваьллачу господинaн ирxъxьовзийна дуткъа мекхаш мера кIел хьалакхийтира.
– И хIун хаттар ду? И акхарой довла деза-кх! Кхузара дIадовла йехкина вай хIара гIала, станицаш? ХIан-хIа, цавевза господин, вай дIадевр дац кху махкара.
– Хьо мичхьара веана кхуза? – хаьттира тIехволуш уллохь сецначу цхьана пхьерах волчу стага.
– Курски губернера. XIунда хоьтту ахь?
– Ткъа шу, господа? – бисинчарна тIевирзира важа.
– Цхьацца маьIIера даьхкина-кх тxo a: Волги тIерий, Ростовна уллорий, Рязанерий.
– Со а веана Тамбовра. Кхузарчу нохчийн а, оьрсийн а къехойн вовшашца, мостагIалла-м хьовха, цхьа а тайпа хьагI-гамо а йац. Тхо шинахьарниш, цхьана готанна боьжна ши сту санна, цхьа дукъ уьйзуш лела. Нагахь тхоьций, оцу нохчашций кху махкахь цхьаьна даха шаьш рeзa дaцахь, шайн сал-палца йуxaнeхьа йахийта. Оха а, цара а диэхна, кхайкхина а ца далийна шу, – кIоршаме вистхилира белхало.
ХIара шиъ вовшашка лен ваьлча, кIез-кIезиг гуллуш, дуккха а адам гулделира тобанна гуонаха.
– Мила ву и гIовгIа йийриг? – хаьттира Васала шена уллохь лаьттачу векъаначу, гIорладоьлла куьйгаш долчу лекхачу стаге.
Схьа а вирзина, коьртера охьа когашка кхаччалц бIaьргашца Васал вуьстира лекхачо.