Светлый фон

– Хьох кхарда меттиг ма бац сан. Со а вилхина. Хонкараxь. Зуда санна. ТІaьххьара йоI йелча, цуьнан докъана улло а хиъна… Ирча буьйса йара иза, Васал. ТІeдeтта догIа, къекъа стигал, детта ткъес. Тоьли чу хIоьттина Іам. Йелла Iуьллу йоI. Мичахь ву а, ву-вац а ца хуу Коьра. Нехан хийра мохк… Ирча буьйса йара иза, Васал. Со а вилхира, зуда санна.

Васала, вист ца хуьлуш, корта теIабора. ТІаккха доттагІчуьнга хьаьжира иза.

– Со воьду, МІaьчиг.

– Стенга?

– ТIaьххьара а Ловдега хьажа. Кхин гур ма вац суна иза.

– Со а вогIу хьоьца…

 

3

Бохамаш цкъа тIелахкабала боьлча, царах дулу адам. Дуьххьарлера лазар хало хуьлу. Ткъа изa дaxделча, кхин а тIекхетча, йа дог чІaгIло цуьнан, йа, шех дог а дуьллий, кIелсоцу стаг.

Хьалха маситта шарахь тIом лаьтташ, Іожаллех боьллера нах. Цхьа а де ца доьдура йуьртахь цхьаъ йа масех стаг лаьттах ца вуллуш. ХІор а денна дебара кешнийн баьрзнаш. Шо далале кешнийн керт дIасаоза дезаш хуьлура. Вийнарг дIавуллуш лийчо а, тIаьхьа сагIанаш даха а ца оьшура. Къийсaмexь веллачунна уьш ца оьшуш магийнера. XIетахь белхар-тезет а ца лаьттара керташкахь. Царна хан йацара нехан. TIамо хан ца йуьтура веллачунна велха а, висинарг хьаста а.

Бахбеллачу тIамо хIетахь дахчийнера адамийн дeгнаш.

Цул тIаьхьа вуьрхIитта шо даьлла. XIинца вийна валийнарг жимма а адамаллeхь дIаволла гIертара нах. ГIаттам болабелча, йуьхьанца тезет-белхар а шина-кхаа дийнахь лаьттара. ТIаккха, цхьа бутт баьлча, цхьана дийне дирзира иза.

Тахана деанхьа тезет ду Гати-Юьртахь. Маьждигна хьалха бармашна тIе охьадиллина диъ дакъа Іyьллу. Йуьртара а, гонахарчу йарташкара а нах гулбелла. ЦхьакIеззиг къена нах боцурш, берриг а герзашца бу. Амма ХортIa a, цуьнан кIант Асхьад а ца гора цхьанххьа а. Йа цхьана а тезета а ца веанера и шиъ. Молланаш Товсолта-Хьаьжа а, йа Панта-Хьаьжа а ца веана хIорш дIабохка. Байъинчийн гIуллакх деш верг къона молла MаIазин Лорса вара. Амма, докъан ламаз дина, наха барамаш хьалаойъуш, тIевеара ХортIин Асхьад. Цуьнца бара Iедало милцой бу аьлла битина CaьIад, Инарла, ЧIонакъа. XIopш кхоъ дегаза вогIура нахана тIе, амма Асхьад майрра веана тIехIоьттира.

– Собардел, нах, – элира цо салам далар доцуш. – Декъий меттах ма хьедел.

Бармийн генаш лаца кечбелла нах охьакхевддинчохь бисира. Цецбевлла севцира хьалха дIабуьйлабелла баккхийниш а.

– Ахь дуьйцург хIун ду? – йукъара схьа а ваьлла, Асхьадна хьалха хIоьттира Акхта.

– Пурстоьпан бакъо йоцуш стаг дІa мa вoллийта, аьлла соьга, – тIехьа шен накъосташка бIаьрг туьйхира Асхьада.

– Хьо мила ву?

– Со мила ву ца хаьа хьуна?

– Тахханалц-м ХортIин къутIа ду хьо, тахана хьо мила хила гIерта-м хаац!