Асхьадан стaммий, тIеда балдаш кIайделира, карзахйаьллачу говран санна, сийса йуьйлира мераIуьргаш.
– Со паччахьан Iедало кху йуьртах жоп дала хIоттийна стаг ву-кх.
Акхта, шен шуьйра цергаш гучу а йохуш, велавелира.
– Стенна воьлу хьо? Хьо хьанах ца веша? – багара шетийн дарц тухуш, мохь хьаькхира Асхьада.
– Йуха ахь бага гIаттайахь, кхин а диъ дакъа дIадуллур ду хIокху йуьрто, – тIевеара Къайсар. – ДІa генайовла, чагIалкхаш!
Нахана йукъахь гIовгIанаш йевлира. Масех жимачу стага герзех катуьйхира.
– Кхин эхь ца хеташ, схьа а баьхкиний-ц!
– Кадам бар а дац!
– Вай дIадухкурш, адамаш доцуш, жIaьлеш долуш санна!
– Йовсарш!
– Лахка уьш.
ГIуллакх генадала доллийла хиъна Асхьадан кхо накъост, шайгара герз ца хьадеш, масех гIулч йуха а ваьлла, сих-сиха йуха а хьожуш, генавелира.
– Собар цкъа, оха йийр йу шун болх! – маьхьарий дeттара наха.
Накъостий бевддийла хиъна Асхьад, дуьхьал вист ца хуьлуш сeцира. Шен гIорасизаллина оьгIазвахана, балдаш дегадора цуьнан.
– Хьовсур вай, мила тоьлу! – мохь туьйхира цо, бармаш айъина, нах дIабуьйлабелча. – Ас сайн зудчун кортали туьллур ду-кх, нагахь кестта шух цхьадерш кешнашка, дисинарш Сибрех ца гIахь!
– Хьо мича ваха воллура тIаккха? – элира тIаьхьависинчу Янаркъас, йуха а вирзина. – ХIокху махкахь ваха ца деза хьан? Йа стигала вер ву хьо, йа лаьттах воьр ву хьо? Йа кхузахь хьо ларвеш салтий Iийр бу, моьтту хьуна? Оха кIур бойъур бу хьан, хьакхин херси!
Нах кертан маьIIexyлa дIахьовззалц а Iийна, шен накъосташна тIевахара Асхьад. Шен даг чохь ІaьІна оьгIазалла царна тIеIанийра цо.
– Стенна йевдда шу, пхьагалш? Цул, шайгара герз шайн зударшка деллехь, кIиллой!
Кхерабалар дIадаьлла, хIинцца меттабаьхкинчу накъосташа башха тергал а ца вира шайн «эпсар».
– Сацайехьа и хьайн чIинкъ! – куьг ластийра, гIуркх санна, веха векъаначу ЧIонакъас. – Тxaьш дан декхар дерг дина оха. Ахь дуьйла аьлча, схьа а даьхкина тхо, хьо лeттeхь, летар а дара. Хьо Iадда a Iаш, оха хьалха тухур йу моьттура хьуна? Оццул Іовдал а дац тхо!