Светлый фон

– Баккъал, царах стаг вийна, даха меттиг ма бац вайн, – йукъавуьйлира дегIана хьийкъина тIингар-гай йолу СаьIад. ТIаккха горгачу йуьхьа тIера хьорматах тера шен мара а хьакхийна, тIетуьйхира цо: – Церан тIаьхьенаша а йаха йуьтур ма йац вайн тIаьхье.

– Пурстоьпе хIунда ца олура аш иштта? – чукхийсалора Асхьад. – Шун шалха цІоганаш ца оьшу суна. Цхьаъ – Iедална хьалха, важа – нахана хьалха лестош. Ас иштта дIаэр ду-кх Іeдале. ТIаккха шайна хиндерг хаьа-кх шуна! Пашбукъаш!

– Хьо дукха тIехвала воллу, Асхьад, – гома схьахьаьжира Инaрлa. – Тхан цхьа а вац Iаьлбагна тIаьхьа. Хьайн ваша бахьана долуш, Iедална хьесталуш, чуьраваьлла хьийза хьо. Ваха а гIой, хьайн ала дерг дIаалa Iедале. Оха хьо вийр ву-кх бехке.

– Дика ду, – гома хьаьжира цаьрга Асхьад. – Вовшийн мотт бер вай. Баьхкинчу салташа шайн цIенош дагош хьовсур шу. Шу Iедална муьтIахь ду моьттуш, дитина уьш хIинццалц.

ХIорш, девнаш деш, геннабевлча, дуьхьалкхийтира чехкка болар эцна хьацаран кIур хилла вогIу ХортIа.

– ДIабиги цара уьш? – xaьттира цо, тIе ма-кхеччи.

– Биги, дера-кх, – бур-бур дира Асхьада. – Ахь хIун до?

– Шу дIадуьйлалол, ЧIонакъа, – элира ХортIас севцна лаьттачу милцошка.

Шен деза дегI дaдийна веана ХортIа хьуьхьвоьллера. Йерстинчу йуьхьах а, воpтанах а доккха цIен йовлакх а хьаькхна, дeттало дог жимма меттадеъча, важа кхоъ генаваьллий хьаьжна, кIентан лере таьIира иза.

– Овхьад цIа веана, – элира цо шабарца.

Асхьадан йуьхьах цIе летира.

– Мичахь ву иза?

– Кешнашка ваха.

– ЦІa веанера иза?

– ХIан-xIa, урамехь дуьхь-дуьхьал нисвeлира тхойша.

Асхьад хаттаре дeга хьаьжира.

– Хьайна хуур хьуна дан дезарг…, – шен кегий цIен мукадexкан бIаьргаш кIантана тIебуьйгӀира цо. – Амма, цхьанне а ца тосадолуьйтуш.

Асхьада жоп ца делира. Амма цо хьакхийначу цергаша шера гойтура цо йина кхиэл.

 

4