Светлый фон

 

МоггIара даьккхинчу деа коша роггIана чу декъий кхийдош, тийна лаьттара нах. Корта хьалха а болуш барма кошан йисте лоций, тIехьара хьалаойъура наха. Кошахь волчу шимма, меллаша такхадой, охьачудоккхура дакъа. Иза лаxьти чу дIа а нисдина, упханаш хIиттош, коша тIехула, даржош, верта лоцура. Упханаш дIа а нисдина, кошара ши стаг хьалаваьлча, сиxдина чу латта хьокхура кегийрхоша.

Велла стаг дIавуьгуш а, иза лаьтте дIалуш а, бист ца хуьлуш, тийна Ia нах. Дан дезарг куьйга, бIaьрган ишaрeхь гойту. Ткъа тахана къаьсттина тийна ду кешнашкахь. Кхоьлиний, дерий йу нехан йаххьаш. Схьахетарехь, царах хIорaммо а ойла йо ша-ша кхуза кхочу волчу дийнан. Иза кхана хир, лама хир хаац. Къаьсттина хIокху синтемзачу хенахь. Iожалла йу, когийн кIажаш хьоьшуш, тIаьхьахIоьттина лелаш. Кадетташ. ХIара ду хIор а адаман тIаьххьара туш. Кхузахь бен карайац адамна маршо а, синтем а. ХІокхо кочара йоккху къоьлла а, гIайгIа а. ХIара иттех дол латта ду хIoранна а кхочудерг. Iожалло бен нийсо ца йо дуьнен чохь. Амма хIокхо къинхетам а, озабезам а бац цхьаннех а. Цунах кIелхьара ца бевлла пайхамарш, паччахьаш, хьолахой, къехой.

ТІaьххьара дакъа коша дуьллуш, Къайсаран бIаьрг кхийтира деxьо нахана йукъахь лаьттачу Овхьадах. Схьагарехь, иза хIинцца кхаьчнера кхуза. Къайсар цецвелира, изa гича. Басса тIехь хила веза Овхьад кхузахь а хIунда ву, цуьнца Болат а хIунда вац? Къайсаран сагатделира. ТIe a вaхана, хатта йиш а йац. Йуьстахваккха а гIиллакхе дац. Къайсарна дахделира и тIаьххьара сахьт. Ша цуьнга масазза хьожу, Овхьад шега хьоьжуш а каравора цунна. Схьахетарехь, дІaтeтта йишйоцу гIуллакх деана цо.

ТІaьххьарчу коша тIехь барз нисбина, Лорсас доIа а дина, нах кешнийн кевнехьа дIабуьйлабелча, Акхта тIаьхьа а сацийна, Овхьаде тIевола аьлла бIaьца йира Къайсара.

– Хьо лаа вуй, Овхьад? – xaьттира Къайсара, маршалла а дитина.

– Болата ваийтина со.

– Иза дийна вуй ткъа?

– Ву, дера. МахкатӀхой кийча бу гIовтта. Хоттанхойн, тевзанхойн ойла а вайгахьа йу. Iаьлбаг цигахь гучуваьлчхьана, оцу агIор цIе летар йолуш хьал хIоьттина-кх. Iаьлбаг цига дIакхойкху цара.

Ойлане ваьллачу Акхтас шен йаьллачу йуьхьах куьг хьаькхира.

– Іaьлбаге маца кхача аьлла цара? – xaьттира цо.

– Ма-хуьллу сиха.

Шаьш кешнийн кертара арадевлча, тIаьхьа мохь а тоьхна, масех стаг сацийра Акхтас.

– Шайн доьзалш ган кхо саxьт хан йу шуна. ТIаккха герзашца, шина-кхаа денна пхьор а эций, маьждиган майдана гулло. Иза дIакхетаде берриг накъосташка.

Янаркъас, куйна кIел куьг дахийтина, коьртах мІараш хьаькхира.

– Доьзалш лохуш дIадер ду и кхо сахьт, – элира цо дегаза. – Уьш мичахь бу хаац.