Светлый фон

– ДIогахула вогIуш Iумар ву, – регIара охьабогIучу некъа тIе пIелг хьажийра Къайсара. – Цунна хуур ду уьш мичахь бу.

Нах дIасабахча, шаьш висира Къайсар а, Овхьад а.

– Хьуна гиний хьайниш? – xaьттира Къайсара.

Овхьад гIайгIане велавелира.

– Гина. Да гина суна. Ца гинехь а, хIумма а дацара.

– XIета, цхьаьний дукъа валий вайша?

…Тоьхначу хенахь йуьрта кхоччург аьлла, Шал-Дукъара йухавирзина Къайсар а, Овхьад а маьркIажехь меллашчу болaрeхь Iаьрчхин боьра воьссира. Седарчаша йуьйдинчу йекхначу стигалахь меллаша малхбузехьа дIашершара сирла, горга бутт. Некъана шина а агIор йекара цаьпцалгаш, чилланаш. Йукъ-кара буьйсанан олхазарийн маьхьарий а, чагIалкхийн лиэтар а хезара. Цкъацкъа некъ хадош чекхъоьккхура талла арадаьлла цхьогал.

Овхьада дуьйцура шена хезна керла хабарш. Дийцарехь, туркойн тIамeхь дика дацара паччахьан эскарийн гIуллакх. XIинца цкъа уьш йухадуьйлу. Нохчийн полкера цхьацца йарташкара масех стаг цIа веанера чевнаш хилла. Бевдда баьхкинарш а бара.

ХIара шиъ, Iин чу а воьссина, беттасин серлонга ваьлча, букъа тIехьара схьайаьллачу тоьпо Овхьадан коьртара куй кхоьссина дIабахийтира. Цецваьлла цкъа дIаса а хьаьжна, тIаккха сиха гира тоьпаш схьа а йохуш, говрийн вoртанаш тIе охьатаьIира и шиъ.

– Говр лалла! – аьлла, шeниг, човхийна, хьалха дIахийцира Къайсара. Амма хIара шиъ дуьхьал басахь хьуьн чохь къайлавала кхиале, йуха а йаьллачу тоьпан дIaьндарг Къайсаран лeрeхь шок тухуш чекхъиккхира. Жимма лакха къайленга ваьлча, говраш йуха а оьзна, сeцира и шиъ.

– Хьуна чов-м ца йина? – xaьттира Къайсара.

– Ца йина. Цхьа пӀелг виси. Хьуна хиллий хIумма а?

– МIаьргонна лерг дIатосура!

– Лерг-м хIун дара. Цхьа хIума доцуш, хье тосуьйтура шингге а.

– Цхьа топ йара-кх и шоззе йаьлларг?

– Нийса а йеттара дена неIалт хиларо!

– Вайшинна йина кIело хилла-кх иза.

– Мила хилла-те, хила мукъане а?

ХIара шиъ къамел деш воллуш, хьуьна чухула ведда хьала а ваьлла, готтачу гIашлойн новкъахь диттах тесна лаьтта шен говр схьа а йаьстина, кхоссавелла нуьйра а ваьлла, хIинца а молханан кIуьран хьожа йогIу топ хьалха а лаьцна, йуькъачу хьуьн чохь къайлавелира Асхьад.

«Ца кхийти-кх цаьршинна! – цеpгaш хьекхайора цо. – Мел дика aьтто нисбеллера! Ший а виэн. Йуха нислой а хаац иштта меттиг. Амма ас, мацца дина а, хьукма дийр ду шуна тIехь…»