Светлый фон

 

II корта. ГІУЛЛАКХАШ НИСЛАЦ

II корта. II корта. ГІУЛЛАКХАШ НИСЛАЦ

 

Барт болчийн кегийра гIуллакхаш а чIaгIло,

барт боцчийн даккхийниш а духу.

 

Гай Саллюстий Крисп

 

1

 

Къасталур доцуш чолхе хьал хIоьттинера Нохчмахкахь. Тахана карзахе хилла йурт, кхана Iедална муьтIахь хуьлий, соцура, ткъа ша муьтIахь йу бохуш, дуйнаш биънарг – гIевттинчарал а карзахйолий карайора.

Хьаннаш, некъаш сийсадора герзаца дIасалелачу адамаша. Паччахьан эскаран жима отряд дIacайолийла хиъча, кIело а йой, цунна цIеххьана тохар дой, дIасабаьржара нах. ТІaьхьайаьхначу таллaрхойн отрядашка а ца далора царна хIумма а. Йуьхьанца уьш кIелхьарбовлура, шаьш милцой ду олий. Ткъа хьайн отрядехь хIунда вац хьо аьлла хаьттича, гергарниг цомгаш хилла йа велла аьлла хабар деана, цхьана-шина денна дIавоьдуш ву олий, жоп лора. ТІаккха милцошна шатайпа билеташ делира командованис. Иза караxь доцург лаца аьлла, буьйр а дира. Амма тIаккха а ца долура гIуллакх цхьалха.

Милицин йа лаамхойн отрядаш, дай боцу жIaьлеш санна, кхерстара Нохчмехкан хьаннaшкaxyлa. Кху тIаьххьарчу хенахь командованис шайн лаамехь хецна йитинчу цара талораш дора йарташкахь а, некъашкахь а. ХIор а лаьцначу йа вийнaчу гIаттамхочун коьртан цIарах командованис ткъе пхиъ сом ахча лора милцочунна.

Милицин отрядашкахь гIуллакхдеш берш кху лаьмнех девлла даххаш дара, къинхетам а, сий а, оьздангалла а хIун йу ца хууш. Цаьрца буьстича, хIара салтий цIена маликаш хетара. Милцошка боккха цабезам бара меттигерчу бахархойн-м хьовха, салтийн шайн а.

Нохчмахканий, ЧIeбaрлaний йуккъехь аренгахула зIе йоза гIортар Шелана уллохь кхиамза чекхдаьлча, кхин некъ лаха дийзира Iаьлбаган. И некъ ЧIeбaрлaн мaлхбален дозанца Басса тIерачу йарташкахула дIа бара.

Iабдул-Хьаьжин а, махкатIхойн йуьртдeн ТангIайн а гIоьнца цигара йарташ гIовтто вахийтина Овхьад а, Болат а ТангIайн хIусамeхь сeцира. Йуккъерчу дегIахь, шуьйра белшаш а, хьийзина Iаьржа маж а, месала мекхаш а долуш, Iаьржачу аматахь куьце стаг вара йуьртда. Кхача а биъна, хьеший паргIатбевлча, гIуллакх хаьттира цо.

Кондарш санна долу шен дуькъа цІоцкъамаш а дусийнa, ceдарчий санна, богу Iаьржа бIаьргаш кхушинна тIе а боьгIна, леррина ладуьйгIиpa цо Овхьаде. ТІаккха, йуьртара Хьаьки-Хьаьжа а, Юьcп-Хьаьжа а схьа а кхайкхина, цаьрца дехха къамел хиллачул тIаьхьа, барт хилира шина-кхаа дийнахь Басса тIехь гIаттам боло.