– Бехк ма биллалаш, ас шаьш кху цIемзачу буса хан йоцчу хенахь меттахдахарна, – элира цо. – Полковник Авалов, со бахьанехь Iедало бахархой хьийзабо. Бехке боцу къена нах а, зударий а, бераш а. Цара со Iедaлaн кара схьалахь, уьш маьрша бита делла дош а ду Iедалан. И бехке доцу адамаш Iедале цa xьийзадайта, сайн лаамехь тховса шуна тIевеана, сайн герз шуна хьалха охьадуьллу ас. Сан дехар ду эпсаршка кху гIуллакхан тешаш хилар. – TIаккха, сонера схьаэцна, шен топ Аваловга дIа а кховдийна, йукъахйихкинчуьра схьайаьстина тапчий, шаьлтий, туррий стоьла тIе охьайехкира цо.
Чохь цхьана ханна тийналла хIоьттира.
– Мекара туземец хиллийца хIара, – велавелира эпсарех цхьаъ. – Шен лаамехь тIевеача, шех къинхетамбаре догдохуш хир ву-кх иза!
Iаьлбаг, корта курра агIор а баьккхина, дIахьаьжира эпсаре.
– Хьо гIалатваьлла, эпсар. ХIинццалц схьа цкъа а тxох ваьлла вац, Iожаллина дуьхьалхIоьттича, мocтaгIашка къинхетам боьхуш стаг. Ас сайна хIумма а ца доьху. Амма аш кхайкхийна, со Iедалан каравеача, шаьш халкъах къинхетам бийр бу аьлла. Шаьш къонахий дeлaxь, и шайн дош кхочушде. Сайн кхоллам суна хьалххе дуьйна гуш бу.
Эпсарш Аваловга ладоьгIна севцира.
– Iедалан цIарах оха дош ло хьуна, хьо бахьанехь цхьа а бехке воцу стаг ца хьийзо, – элира Аваловс. ТІаккха Пруссаковна тIевирзира иза. – Павел Никифорович, йийсархо хьан кара ло ас. Керла приказ хиллалц, ахь жоп ло цуьнан коьртах.
Пруссаков шена тIeвoлaвeлча, дуьхьал куьг тесира Iаьлбага.
– ТIaьххьара а цхьа дехар ду сан. ГIала набахте дIакхаччалц, сан дегI маьрша дитaр. ТIаккха шайна луъург дер аш.
– Iедална тIеварах дохко а ваьлла, вада-м гIоьртур вац хьо, Iаьлбаг? – xaьттира Аваловс.
Цуьнга хьаьжна, вела а къежна, сацамболлуш корта ластийра Iaьлбага.
– Иза дагадан а ца оьшу, полковник. Оцу агIор паргIат хила мегар ду хьо…
(Абросимовн йозанаш)