Кхузара ткъех гергга чаккхарма бен гена бацара Iам. Йуьртара а, лекхочу меттера турмала хьаьжча, цIенна гора цигара халстуш а, хидоькъе а, йуххера хехочун бун а, улло доьгIна лекха ши маьлказ а, гена доцуш, шерачу арахь, цкъа маццах Чингисханан бIон дуьхьал кхузарчу къомо йинчу ширачу гIишлох бухайисина хьакхлагIа а. «Чохь — саготте, арахь — сашорте» — аьлла, дIаволавелира цигахьа Тавсолта.
БIаьстенан xIyo, дегI дайдеш, цIена дара. Мела малх нисса букъ тIе хьоьжура. Шен IиндагIна тIаьхьаваьлла воьдура и. Шерачу арахь цхьанххьа а дисина ло ца гора. ХьалагIертара дуьххьарлера бецаш. Iаьнан йочанах а, дешначу лайх а сихха ловсардоьлла догIура латта. ХIинца а сенйала кхиаза лаьттара мокха бурсан-коьллаш а, некъан йистошца йевлла муьжгаш а. ХIетте а аренийн дахар бIаьстенна самадаьллера. Тавсолтина йевзара гIамар — пхьагалан лараш, оьпанийн оьрнаш, хин дехкан Iуьрг. Цкъацца, оьртхан-кулла кIелхьара дIаэккхара моьлкъа, йа, некъ а хадош, Iажаркхлахь бовра текхарг; наггахь тебаш, текхара шен туьтан тутмакх — уьнтIапхьид. Лаккха тIехула хьийзара маккхалш. ТIаьххьар а, цхьана хин йисте кхечира Тавсолта. Дехьа кхоссалур воцуш шуьйра а, гарехь, кIорго а дара хи. Жимочу гу тIера дIасахьаьжира xIapa. Цхьанххьа а бIаьрго лехарх гечо дацара.
ГIелвелла Тавсолта, ойлане ваьлла, гу тIехь лаьттара, татоле а хьоьжуш. Кхуьнан IиндагIа, дахделла, коьртаца хих хьекхалора. БIаьргашна кхин а гергахь, хIетте а тIе ца кхочехь бара Iам. Маьлхан зIаьнаршлахь, тIехула дай Iаьнаран моьрдиг а лаьцна, Iоман куьзга, варшдетех тера, можа кIайн лепара, бIаьргашка ца лалу суйнаш а туьйсуш. Хьалабаьллачу малхо тIехьашхула, коьшкала хиъначу цициго санна, вортанах мела гилдигаш дохура.
Вехха лаьттира Тавсолта, шена хьалха дахделлачу шен IиндагIе а хьоьжуш. Иза дацлуш, тIаьххьара а жим а делла, кхуьнан когашка дижира кIеза санна. Чувоьссина, йуьхь-куьг а дилина, ламаз а эцна, тIаккха цу хин йистехь, кIел шена тIера тиша пальто а тесна, делкъан ламаз а дина, кера— йукъахь хи а мелла, охьахиира Тавсолта.
ЦIеххьана хил дехьахь, бIаьрг къуьда жIаьла санна, раз йорт хьоькхуш, йoгIy борз йайра кхунна. Сецира борз. МуцIарца латта ахка йуьйлира и, жIовнеш лоьху нал санна. «Хьерайаьлла-кх и, — дагатесира Тавсолтина» сехьа — м йериг хир ма йац: xIapa, хи шуьйра а ду… хьердаьлча экха хих къаьхка а олу»… — сапаргIатделира цуьнан. Герз а доцу стаг хил дехьахь гарна, шен некъ ца хуьйцуш, дIайоьдура борз. Хи йистехула, кондаршна тIехьахула тебаш, тIаьхьавахара Тавсолта, цо хIун до хьажа, тIоьрмигара схьаэцна, тIехь ботт а йолу, шен деха мокха доьхкарх а тесна. Ша цIахь къона волуш талла ихина хан цIеххьана дуьхьал лаьцна, дог айаделира цуьнан.