— Барий уьш баккъал а бандиташ, мукъна? — хаьттира Керима.
— Наггахь верг-м хила а тарлора, амма дукхахберш цхьа пекъарш бара-кх… Шаьш мича буьгу а, стенна буьгу а ца хууш… «Бандиташца уьйраш йуй, уьш болу меттигаш схьа ца йуьйций» бохуш, лецна… «налоган» терахь кхочушдеш…
— ТIаккха?..
— Бухахь, бай тIе маларш а, даарш а хIиттийна, шайн кад а молуш, Iаш бара Алейсенкоца болу НКВД-н хормехь кегийрхой а. Цара и мисканаш дIахIиттийра могIарехь дитташна хьалха… Шаьш а могIарехь дIахIиттира царна дуьхьал. Алейсенкос, шена йуххехь лаьтташ кхин шиъ НКВД-н эпсар а волуш, буьйр кхайкхийра: «Советан мостагIашна йина тоьпаш туху кхиэл кхочушъе!»
Мисканашна тIеетта йолийра тоьпаш… тапчанаш… Бийла а буьйлуш… Вовшашка забаре дешнаш а кхуьйсуш, тIейеттара… Цхьацца-шишша шаьш болчохь охьаоьгура пекъарш… Цхьаболчара Деле кхойкхура: «Йо, АллахI, Хьо гуш ву-кх!.. ХIун ду-те xlapa?»… Цхьа къона ламанхо, жима стаг, диттах а тевжина — хIинца а иза йуьхь-дуьхьал лаьтта суна, — вега а веш, воьлхура, нисса схьа тIе а хьоьжуш. Суна йуххехь маузер а карахь лаьттачу, вайнахах волчу, НКВД-чо, воьлуш, мохь туьйхира цуьнга:
— Хьо-х нохчо ву!.. Эхь а ца хетий хьуна велха!.. — аьлла, цо шозлагIа, хьалхачул нийса хьажош, тоьхначу маузеро охьавиллира иза а ша волччохь…
Ойлане вахара Бакар, Керим a Iapa гIорийна.
— Гой хьуна, — юха а дийца волавелира Бакар. — Цул хьалха а вацара со сайн балхах Iехавелла лелаш, амма эццигахь дуьйна дог делира сан сайн балхах а… сайх а!.. Хьалха сайна гергахь аса хIиттийна цхьацца бехказлонаш эццигахь сан дIайайра: суна гира — со а оцу боьхачу гIуллакхан декъашхо хилар… Байинарш, хьалххехь кечдинчу оьрнашна чу а кхийсина, тIе латта а хьаькхна, къайлабаьхначул тIаьхьа, НКВД-хой йуха а бай тIе охьахевшира дисина малар чекхдаккха. Бийла а буьйлуш, забарш а йеш, дIамуьйлура. Соьга а кад кховдийра, суна йуххе нисвеллачу, маузер карахь хиллачо.
— Баркалла!.. Молуш вац! — элира ас.
— Делахь, суна бехк ма биллалахь, — аьлла, соьца гIиллакх лоцуш, букъ а берзийна, цо дIамелира шен кад.
Ас ойла йора: «Ца хаало-те цунна хIинцца шегара даьллачуьнан къаьхьалла а, цул тIаьхьа ша мел лелочун гIиллакхан бухбацар а»… Цигара гIала вухавогIуш, айса-сайга барт хоьттуш веара, со цIа кхаччалц: «Дика ду: ахь ца вийра цхьа а… Ахь ца йалийтира маузер а… Амма и цхьаъ, мукъна, и вилхина жима стаг, «ма вехьара аш и аьлла, кIелхьараваккха хIунда ца хьаьжира хьо?» — хоьттура ас сайга… «Хьо а ву, уьш санна, нахбайархо!» — элира сан даго. Амма: «Ахь и аьллехь а — и вийна хир вара… Хьо балхара дIа а воккхур вара», — бохура вукху ойлано. «Делахь-хIета, хьоьгахь герз а дара, — ахь и маузер карахь йерг а, Алейсенко а, цуьнца хилла важа ши эпсар а, тоьхна охьа хIунда ца виллира циггахь, цул тIаьхьа, кIелхьарволийла дацахь, айхьа хьайна а тоьхна, вала йиш а йара хьан-х?» — бохура сан даго. «Стаг вац хьо!.. Коммунист а вац хьо!»… — тIечIагIдора ойлано.