Бакъду, ас и динехь а, тIаккха а гIуллакх ца хуьлура: ас сайна тоьхначул тIаьхьа а и нах, ца кхоош, байина а хир бара, цу тIе, иштта велла волу со а кхин тIе а бехвеш, суна тIехула, сан гергарнаш а, соьца уьйр мел хилларш а, хьийзор бара, хIаллак а бийр бара, гIенах а гина доцу цхьа боьха гIуллакх тIе а кхоьллина. Оцу буса наб ца йира аса, Iуьйранна а йуучух ца кхийтира: доллучу хIуманах а — йуучух а, дахарх а, сайх а, доьзалх а — чам байнера. Iуьйранна балха веанчул тIаьхьа а вехха Iийра кабинета чохь ойла йеш, и дерриге Сталине хьалайазде-те бохуш. Амма, нахана а хуург, суна а дика хаьара: и дерриге а лакхара охьадогIуш дуйла а, и тайпа кехат, Сталине кхачале, Ежовн каракхочур дуйла а, цул тIаьхьа суо тIепаза войур вуйла а. ТIаьххьара а диснарг цхьаъ дара: кхин хIумма а ца деш, сайн цIа а веъна, доьзале цхьа доцца кехатан цуьрг а йазйина, айса-сайна а тоьхна, кхин дIа бех ца луш, йуккъера дIавалар… Чекисташна йуккъехь иштта динарш а бара хIетахь! Амма соьга иза а ца даделира: доьзалх а къахийтира… ХIун хаьа, кестта дерриг а диканехьа хийцалой — бохург а, дагадеара… Иштта айса-сайна ца тухуш а висира. И бехк-м… бу сан! ХIетахь дуьйна, со вехаш велахь а, суо стаг а ца хета суна, йа коммунист а ца хета сайн даг чохь!..
Йуьхь цIийелира Бакаран:
— Со а лай ву-кх вайн махкахь, вай массо а санна, — ойлане соцунгIа хилира. — Эххар а, бакъ ма ду хьуна, — йуха а волавелира Бакар, — аса сатийсинарг хила доллу моттуьйтуш, хаам кхечира: Ежов лаьцна, законехь доцурш леладарна!.. Цул тIаьхьа, кестта лаххьийна чу а боьхкина, байира, хьуна, кхузахь а и беззакони мел лелийнарш: Алейсенко а, и санна хилла кхиболу НКВД-н белхахой а, иштта дуккха а. Доккха са даьккхира аса а, кхечара а… Амма тхуна моьттинарш бакъ ца хиллера. Ежовн метта хIоттийначу Берияс а изза план йуха дIайолийра. Бехк боцурш чубухкура, бойура — тохара санна, амма тIехулара йолу законан хорма кхочушйар хьалхачул мелла а луьро хоттура: протокол, дуьззина хIоттош, чекхдаьккхина хила дезара; лаьцначо, шен бехкана мукIарло деш, кIел куьг таIадар массо хIуманал а деза лорура. Амма иза цуьнга таIадойту гIирс хIинца а тохаралерраниг бара… Бакъду, хIинца лаьцначунна йеттар Iорадалахь, талламхошна а балха тIехь таIзар хуьлура: цундела царна а хIинца Iеминера, буха моьнаш а ца дуьтуш, йетта. Ткъа лаьцнарг, шен бехкана мукIарло деш, протоколана куьг а таIош, къарвелла ваьллехь, цунна вен кхиэл йан атта хуьлура. Къар а ца луш, мел ницкъ барх а, мукIарло ца деш, чекхваьллачунна дукха хьолахь, вен кхел ца йеш, хан тухура, и ара ца валийта.