Светлый фон

— Ткъа хуьлурий ишттанаш? — хаьттира Керима, шена камерехь бина ницкъ дагабеъна.

— Наггахь хуьлура-кх! Цигахь бен ницкъ мел хала белахь а… Масала, хIетахь лаьцна вара Республикин къона прокурор а, нохчийн йаздархо а волу Мамакаев Мохьмад… Барт хатта ша кхин цкъа а чувигначохь цо талламхочунна йуьхьа тIе, стоьл тIера схьаэцна, шекъачудуттург тоьхнера… ша цуьнга эццигахь, тапча а тоьхна, вейта дагахь, дуьненах а догдаьлла, кхин дIа и ницкъ лан кIорда а дина. Амма и ца вийра: когаш а, куьйгаш а дихкина, карцер чу а кхоьссина, кхин цкъа а йиттинера, церг а йоккхуш, аьтту куьг а лазош, цхьа пIенда а бош. Мамакаевс, вукху дийнахь ша меттавеъча, талламче аьллера: дIайазде ас хIинца массо хIуманна а даре до хьуна!

— Тоххарехь дан дезара… Тхо а, хьуо а кху тайпана холчу а ца хIиттош, — аьлла, эццахь самукъадаьллачу, йалх класс бен чекхйаьккхина а воцчу талламчо, кху гIуллакхах шена хьаькамашкара хин болчу хастамах воккхавеш, хаза а хеташ, хецца дIайаздира шена йаздархочо — тIе, прокуроро! — мел до и тамаше мукIарлонаш:

«ХIаъ, 1933-чу шарахь дуьйна а со член ву Нохч-ГIалгIайн республикехь подпольни болх бечу буржуазин — националистически тобанехь. Цо тIе а диллина, аса эккхийтира 1934-чу шарахь Шара-Аргунера ГЭС a, Гуьмсера йогIу тIемалой тIехь болу цIерпошт а… Со оцу организацина 1933-чу шарахь Тифлисехь шен хIусамехь йукъаоьзнарг вара гуьржийн троцкист Шота Руставели, цуьнца цхьаьна оцу чохь вара Бакохара мусаватист Сабир а, Мирза Фетх-Али Ахундов а»… Талламхочо, дукха чIогIа хазахеташ, дIайаздора Мамакаевс мел бохург: цуьнан организацин, дистина догIу хи санна, шорлуш йогIура… И дара цунна оьшург, ткъа иза историца цанисдалар а, йа ур-атталла, лаьцначуьнан хенаца цадагIар а талламчин тидам боцуш диснера. Мамакаевна-м сихха ша воьйла лиъначух тера дара, кхиберш бех а ца беш…

Лазийначу куьйга Мамакаевга халла куьг а таIадайтина, талламчо протокол лакхарчарна тIе дIадаьхьира, Мамакаев, цо даре дарна совгIат деш, дикачу камере а ваьккхира, кIеда мотт а белла, шортта йуург-мерг а хьалха хIоттийна. Мамакаевна дика хаьара шен «йалсамане» дукха йахлур йоцийла… Эххар а, ши де даьлча, сенвелла талламча чувелира, уллохь ши кано а волуш:

— Куьйгаш а дехкий, йуха дIавига карцере!..

— Шайна лаахь со ве! Амма ас хIинца кхин хIуманна а даре дийр дац шуна! — аьлла, дIахадийнера Мамакаевс.

Мамакаев тIаккха, йоккха хан а тоьхна, ца вуьйш висира… Ткъа xIeтахь даре дина сан нуц Анатолий Сурупин вийра!

— И муха хилира?

— Анатолийс а, даре ца деш, дикка хан йаьккхира, амма цуьнгахула байинчу нехан цо йаздаза, чекхдахаза бухадисина дуккха а протоколаш гучудевлча, ца къарвелча ца волура иза. Кху папки йуккъера кехаташ, суьрташ ду цо соьга, ша виэн вуьгуш, къайлаха схьаделла…