— Муха?
— Гой хьуна… Дехо-м ду и дийца!.
— Дийцахьа!.. Вайша паргIат ма ву, — дийхира Керима.
— Гой хьуна, вен кхел хилла волу стаг чалтачо вуьйчохь кхоъ пачхьалкхан белхахо хила везаш ду: прокуроррий, НКВД-н дежурни эпсар, йа коменданттий, лоррий. 1938-чу шарахь а НКВД-хь нах байар, 1937-чу шаре ца кхачахь а, дукха хуьлура: иттанашца, ткъаткъаннашца xIop кIиранах, йа баттахь. Цундела уьш, хьалха санна, хьуьн чу а ца кхуьйлуш, оцу НКВД-н гIишло чохь бойура — дийнан делккъехь, белхан заманахь, билгал динначу цхьана дийнахь. И де тхан цигахь, хьан-хьанна а хууш доцуш, тхайллахь «прокуроран де» («прокурорский день») олуш дара. Оцу дийнахь баттахь цкъа прокурор набахте ван декхарехь ву цу чохь Iедалан белхахоша закон нийса лардо, йа ца лардо хьажа а, лецначийн аьрзнашка ладогIа а. Амма вайн цигара прокурор цу дийнахь нах бойуш хьажа вогIура НКВД-н гIишло чу.
— УьйтIахь бойура уьш?
— XIaн-xIa! НКВД-н гIишло чохь, шозлагIчу этажа тIехь… 32-чу цIа чохь… Бодане уче йуззий, неIарехь лаьтташ хуьлура, йуххехь каной а болуш, шайна воьн кхел йинийла а ца хууш болу, шаьш хIунда лецна а ца хуу нах, прокурор вогIу бохуш, цунна тIекхача дагахь, цуьнга шайн арз дан кечбелла. ЦIе йоккхий, чувуьгура. Стоьлана йуххехь ирахь лаьттачу НКВД-н эпсаро, циггахь кресли тIехь Iачу прокурорна хьалха тоттура папка. Чувалийнарг дIахIоттавора леррина йинчу гIопастана тIехьа.
Прокуроро, кехаташ тIе а хьоьжуш, хоттура цуьнга: цIе, фамили, вина шо, мичара мила ву… Анкетан хаамаш… Ша хиттина ваьлча, прокуроро цуьнга сов сиха дIакхайкхадора цунна вен кхиэл йина хилар, тIаккха стоьлана кIел кнопка таIайора иштта сиха… Лаьцнаверг бухавоьдура. И буха кхоччушехь, подвалехь герз долура, кхин цхьанна а и хаза йиш а йоцуш. НКВД-рчу лоьро, акта кIел куьг а таIош, чIагIдора и тоьпаш тохарна велла хилар. Цул тIаьхьа буса, чу хи а хоьций цIанйора подвал. ЦIийша дуьзна хиш биргIанаш чухула Соьлжи чу хоьцура… Декъий кхано дIадухкура оццу кертахь… Уьш шортта дохку-кх, хьуна, цигахь хIинца а, Чеховн парк йолчу майданахь!
— Маржа-йаI! Ма ца оьшуш хIума йу-кх кху дуьнен чохь адам! — йуха а эккхийтира Керима маццаха ша аьлларг.
— Учахь неIарехь рогIехь лаьттарш шек ца бовлийта, чувигинчех цхьаццаверг вукху неIарехула йуха араволуш а гойтура. Цхьана ишттачу дийнахь со вара сихха оцу учи чухула воьдуш. Цу неIарехь лаьттачарна йуккъера сихха суна тIехилира цхьа тишвелла, беркъа, йуьхь а йистина, лаьцна верг. Суна ца вевзира иза. Цо нохчийн маттахь соьга шабарца сиха элира:
— Со Анатолий ву… Людмиле дIалохьа хIорш… Со 32-чу цIа чу вигнийла а хаийта…