Светлый фон

Йуха сиха шен метте дIахIоьттира иза. Йовлакхан йуккъехь цо соьга хIетахь схьакховдийнарш цуьнга ихна Людмилин кехаташ а, берийн суьрташ а хиллера, даима цо шеца лелош… Иза хIинца вац кху дуьнен чохь… Амма сан декхар ду, иза мел ледара нуц хиллехь а, валале стага дина весет кхочушдар. ХIинццалц и кхочушдан аьтто ца болуш, айса уьш Людмилин кара дIакхачо дагахь, лелла со… Эрна… дуьне гездеш… ХIинца ас доьху хьоьга и кхочушдар… Хьо кестта цIа кхочур ву… Хьуна кестта гур бу Нана-даймохк… ЦIахь валлал ирс сан ца хили… Со хьакъ а вац… Со хьакъ а вац… — дош а ца алалуш аз хедалора Бакаран, — вайн Даймахкахь дIаволла… Можа бIаьргнегIарш охьадахара, кемсан буьрттигал даккхий, сирла тIадамаш охьахьаьвдира можачу чукхеттачу беснешна тIехула.

 

ЦIЕХЬА!..

 

Бутт а балале деара Тавсолтега Керимера кехат: Эскиной дIа а кхечи, шех Райисполкоман председателан заместитель а вина, шун цIенойн гIайгIа беш а ву, кхузахь дика ду, цIа дуьйла бохуш. Бакаран кост ша кхочуш дина а бахара, цуьнга маршалла а лора.

— Миска йаI — Бакар: ша цIа а ца кхечи и, тIе цIеран маршалла а ца кхечи цуьнга! — элира Селитас: цхьа кIира хьалха Бакар дIавоьллинера…

ЦIехьа сахьийзар кхин а алсамделира Тавсолтин а, цуьнан шина йоьIан а. Джейрана кест-кеста чувалавора иза, дувалах а тевжий, малхбузехьа хьоьжучуьра. Джейранна нохчийн мотт Iамош вара Тавсолта, сихвелла, амма нохчийн дешнаш хала Iемара:

«Балкхаройн, кхарачойн мотт атта ма бара… шуьнчо-м… мотт кагбийр бу», — олура Джейрана.

1958-чу шеран июнехь пропуск каракхечира. ХIинца уьш кхузахь сецош хIума дацара. Амма башха атта а ца хетара, шаьш дехха къахьегначу, шайн дахарх цхьа дакъа дIадаьхьинчу, кху йуьртах а, кхузарчу дог дикачу адамех а довла. Селитина цкъа а ца дицлора: цкъа кхеран луларчу дов даьллачу шина казахах бехке волу жимахниг кхана Iуьйранна вукхуьнан кетIахь лаьттара, и араваларе хьоьжуш, коьртара баьккхина куй лаьтта охьа а биллина — и шена къинтIера ваккха. Де доло а, йуучух кхета а бакъо йацара церан, адаман бехк шена тIехь а болуш. Йурт а тохарчул дикка къегинера: цуьнца кхеран а дакъа дара.

XIopш кхуза балийнчу шарахь хиллачух тера а дацара кху йуьртан таханлера сибат. Керла клуб а, детсад а йинера. Кхеран урамехула доьду арык, шордина, цуьнан шина a aгIop моггIapa хьаладаханера кхара дийгIина таьллаш. Тохара электросерло Казах-куьле а, Абайн совхозе а, кхуза а, кхечу луларчу колхозера йалош хиллехь, хIинца Казах-куьлехь хIоттийначу йоккхачу электростанцера, хазачу аьчган бIогIамийн белшаш тIехула догIучу нуьцкъалчу телашца кхочура и кху йуьрта а, массо гондIарчу колхозашка а. ХIетахь жагIа бухкуш бина хилла Абайн совхозе боьду некъ а, хIинца, коьртачу трассах дIакхетталц асфальт йуьллуш, шорбинера.