Светлый фон

Тохара хIорш охьабиссийнчу жимачу станцера дуьйна схьадалийна аьчган некъан га а даьхьнера лурчах Джамбулехула Абайн совхозе кхаччалц: цигахь хIинца свеклаш а йоьра, тIе шекардоккху керла йоккха завод а йиллинера. ЦIерпоштан станци а йуьртана герга оьзнера. Ца йовззал хийцайеллера, къаьсттина тIаьххьарчу кху деа-пхеа шарахь, кхузара меттигаш а, йарташ а. Делахь а шаьш бинчу махке болу безам нуьцкъала бара.

Хала садеттара хIинца йижарша а: Баш-лаьмнаш, Яьсса, Эскиной… школа… Дада-бIар… Анна Львовна! — уьш дерриг, йух-йуха дуьхьалтуьйсура царна. «Анна Львовна! Йуй-техьа и хIинца? ХIун хилла-техьа цунах?».

ХIокхара 1947-чу шарахь дахьийтинчу кехатана жоп деара цуьнгара цкъа: майра а лаьцна, марда а велла, цхьа йисина ша бохуш. Цул тIаьхьа дахьийтинарг жоп доцуш дисира. «Кхоьру хир йу-кх иза а… бехк бац», — аьлла, xIapa шиъ а сецира, кхин ца йаздеш. ХIетте а, хIинца чIогIа дагаоьхура шайн хьоме хьехархо. Тавсолтина-м цкъа а ца хетара Эскинойхь доцург вахар а. ТIаьхьарчу деношкахь йух-йуха гора цунна гIенах, ша цIа а кхаьчна, Эскинойхь лелаш, амма самаваьлча, дIаса а хьожий, доккха садоккхура: Джейранна ца лаьара, шен йурт, гергарниш а битина, «генарчу махка» дIайан.

— ХIун вон ду шуна кхузахь? ПаргIатдаьхна… Дахар а шайн таделлачу хенахь дIа хIунда доьлху?.. Шух цхьаберш хIинца бухарчу тхол а дика беха… Лаахь… кхин ца тарлахь, ши йоI дIа а йахийтий… хьуо кхузахь сацахьа. Хьайн цIахь! — бохура Джейрана майрачуьнга.

Тавсолтас корта лестабора:

— Джейран! Дика дац зудчо, шен майрачо бохург а ца деш, шениг дийцар!

XIopа сарахь лоькхура Нурседас Джейранан лерехь Кавказан исбаьхьаллех эшарш… ТIаьххьара а цIенош а доьхкира… вуно дорах, амма Тавсолта реза вара оцунна а… Джейран тIетахьара…

— Дика ду, реза ца хилахь, йухайогIур хьо… Нуьцкъала хьо цигахь хьан сецор йу? Цкъа дIа, мукъна, йолахьа… Цкъачунна, хьажахIотта, — дийхира Тавсолтас.

Джейранан корта жимма aгIop бахара, ойла йеш, цуьнан Iаьржа бIаьргаш раз севцира. Эххар а:

— Дика ду, мегар ду! — йелакъежира и…

ТавсолтагIар новкъа баха станце дукха адам деара. Кхеран а, Джейранан а гергарнаш, бевзарш: Довлетжанов, Луценко, Кульджан, Айгерим шен майрачуьнца, лулахой…

Августан йуьххьерчех суьйре йекхна а, мела а йара. Довлетжановс, тIе а вахана, Тавсолтин куьг а лаьцна, казахийн маттахь элира:

— Шу деза тхуна. Эша а оьшу. Шу Iийнехь, хаза дара. Делахь а, дахаза Iаш дац шу. ХIун дийр ду… тхуна бехк ма билла!

— Баркалла! Баркалла! — корта лестабора Тавсолтас.

— Шух муьлхха а вухавагIахь, оха везаш тIеоьцур ву. ХIинца шу бухадисча а, тIаьхьа ца хетара. Вай мерза даьхкира… Кхузахь шуна а вон дацара, — тIетуьйхира Луценкос а.