— Баркалла… Иза а бакъ ду… шун мохк а, халкъ а вай цхьаьна йаьккхина хан а йицлур йац! Бакъду и, дахарна а кхузахь аьхна дара… Амма, хIокху кийрана хьаам хилац-кх ша кхоьллинчу лаьмнашкахь бен! Тхан цIехьа керчина ойла сацалур йац, Кавказан тархех дIакхетталц! Шуна баркалла! Вон доцуш дика а дац, дика доцуш вон а дац: шу тхуна девзина дика ду. Дуьйла шу а тхо долчу хьошалгIа! Оха гойтур ду шуна тхаьшна шу мел деза! — элира Тавсолтас, «тхо» боху дош олуш, шена йуххерчу Джейране а хьожуш.
Генарчу махка, гуш доцчу ирсана дуьхьал йаха хIинца сацийна йаьлла Джейран а лаьттара эсала йелакъежаш.
ЦIерпошт схьакхечира. Веъна, схьахIоьттира, хьуьхь а воьлла, тIаьхьависина Аскеров Джатыбай. ЦIийвелла, сихлуш, толкха а лелхаш, Тавсолтин куьг а лаьцна, шайн маттахь бохура цо, гонах а хьоьжуш:
— Тавсолта-агIа, Селита-куль, Нурседа-джан! Шу схьакхалхийнчу дийнахь аш дуьххьара станцера кхуза беъна къаьхьа некъ дагабогIу суна. Ирча де дара и. Сан гуьнахь а доцуш, и соьгахула хилира. Цул тIаьхьа а хIокху Нурседа-джанна цхьацца вас йелира соьгара. Бехке ву со… со чIогIа тешнера сайга шух лаьцна дийцинчух. И харц хиллера. Бакъдерг тIаьхьо хиира… ХIетте а бехке ву со. Амма, цхьабакъду, декхарийлахь-м xIapa а ца йисира, — Нурседига хьаьжира иза. — Делахь а, къинтIерадовла!
Тавсолтас маракъевлира иза:
— И-м хIума дацара! Масане эккха дахарехь… XIapa а Iаь хир йацара, цхьа йиш-маIаш йоцуш… Хьо а вала тхуна къинтIера, тхоьгара хиллачу цатамана!
Селитин бIаьргаш лешира. Нурседас, йела а къежаш, дена хьалхха куьг кховдийра Аскеровга.
— Молодец! Молодец! — бохура Аскеровс, цуьнан куьг а дегош.
ТавсолтагIар вагона тIе бевлира. ЦIерпошт, и аре йекош, хIокхеран а цIарах ша кху мехкан Iодика йечуха тера, цIогIа тоьхна, йолайелира. Вагонан корах ара а хьаьжна, Тавсолта велакъежира. Цуьнан даим буьрсачу йуьхьа тIехь и велакъажар, берийнчух тера, сирла къегара.
— Кхуьнан цIогIа а хIинца хаза ду!.. Марша Iолда, Iодика хуьлда шун! — цIеххьана, шен коьртара схьабаьккхина куй ластийра цо. Массарна а тамаше хийтира чо а божаза, амма, киса санна, кIайбелла цуьнан горга корта дуьххьара, шайна берзина байча…
ЦIерпошт дIайахара, хIаваэхула, чIабанах тера йухатесна, бехха Iаьржа кIур а текхош. Малх чубуьзира. ХIаваъ сихха Iаржлора, амма стигалхула йоьлху мархаш йехха лийпира гуш боцчу маьлхан зIаьнаршлахь, шайн йистош дашо басахь йогуш.
III. ДИКАНАХ ДОГ МА ДИЛЛА
III. ДИКАНАХ ДОГ МА ДИЛЛА
ДЕКЪАЗА ЦIАДЕРЗАР
ЦIерпоштахь эххар а цIа кхаьчначу нохчашна вокзалехь, шайн вагонна дуьхьал нисделла, «ГРОЗНЫЙ» боху дош гичахь, дог тохалуш, мерза хийтира. Шира доттагI йуха вайча санна, серлайелира Тавсолтин йуьхь.