— Дера, йу!
— Лохьа суна! Лохьа. СовгIатна! — дийхира Каташа.
Селитас, схьа а йаьккхина, Ниночкин некха тIе латийра значок:
— Ларвелаш и хIинца шаьш мел деха! Барт цхьаъ хуьлда шун!..
— Баркалла! Доккха баркалла! Кхана тхан ловзарга дуьйлалаш!
Шина йишин Iодика а йина, цаьрца чуйахара Анна Львовна а. Малх чубуьзира.
Кханалерачу ловзарна бан безачу кечаман ойла а йеш, шайн чукхечира ший а йиша.
— Тшш!.. — элира, къегачу йуьхьца, амма цIийделла бIаьргаш лепош, дуьхьалйаьллачу Джейрана.
— Хьаша ву дехьа чохь вижна… Ахат!.. ХIинца сама ма ваккха. ГIелвелла. Тавсолта бен уьстагI бало вахана, — йоккхайера Джейран.
Цо дийцира Ахата деъна керла хIуманаш. Иза Москвахь хиллачу физикан Iилманхойн кхеташонера Алма-Ата вухавоьдуш, кхуза, Джейран йолчу вирзина: гIалитIара райцентре ца кхачалуш чIогIа къахьегна. Райцентрера схьа Керима валийна. Асеткульна «белокрови» хилла. Шакен-агIа виллина меттахь ву. Джейранан йуьхь кхоьлира…
Йуьхь лаьцна боккха жий а балош, кех чувелира Тавсолта: ишттачохь къаьсттина комаьрша хуьлура иза.
— Зуда! — кхайкхира цо.
Тавсолтас уьстагI буьйш а, тилош a гIo дан уьйтIа йелира Джейран.
— Дада невцалла лелош ву! — Нурседас бIаьца йира Селите…
Кестта Джейран текхахь жижиг-галнаш а дохьуш чуйеара. Ахат а хьалагIаттийра.
Нурседас къайллах тергалвора иза. Шина а йишица цхьабосса векхавелла вара Ахат, йа леларехь а, йа лерехь а хIумма а хийцавелла воцуш. Цо цхьаъ дуьйцучу хенахь цуьнан стаммий балдаш дош кхаччочохь, хьалха санна, къовллий ваьштадоьлхура, амма къонахаллех дуьзна бIаьргаш, хIинца хьалхалера синкъераме лепар доцуш, гIелделло хьуьйсура.
Схьакхечира Керим а, Анна Львовна а; Егорычца чувеара Тавсолта а, Джейрана баккхийчарна нара тIе, берашна стоьл тIе юург йиллира, Нурседас гlo а деш. Тавсолта дехьа чу велира, Егорыч а эцна. Царна йуург къастийна дехьа чу а йаьхьна, схьа а йеъна, кхаьрца охьахиира Джейран.
Пхьор диъна а девлла, бераш йуха а стоьл тIехь урокаш йан хевшира, йуххе, къолам а буйнахь, Селита а хиира тетрадаш деша. Биснарш, шайн-шайн тоба а йина, къамелаш деш Iapa. Йовхарш а тоьхна, сехьа чу велира къамел дечарех схьакхета лиъна Тавсолтий, Егорыччий. ЦIеххьана сахьте а хьаьжна, Нурседас хаьттира:
— Дада, Iаьрбий бусалбанаш буй?
— Бу, дера-кх… Бусалбанаш ца хуьлу, бусалба дин шайгара схьадаьлла къам?