Светлый фон

Чуьранаш дIатийра. Стоьла тIера шайн книжканаш а йитина, кIелдIахула схьаьхьаьжира Джамбуллий, Замий. Царна гуттара а хазахетара, шайн нана дадица къамеле йаьлча. Ша луьсту тетрадаш а дитина, хьоькху къолам а сацийна, Селита а йулаелира ша Iаччохь: Нурседин хаттарца цхьа «нун» тосаделира цунна.

— Царех йолчу кинога хьажа луур дарий хьуна?

Тавсолтас хьажа йуккъе белхи бира: йоIа ишттачу мIераца наггахь лоцура xIapa. «ХIун дагадеъна-техьа хIокхунна хIинца?» — дагатесира Тавсолтина: цIа веъчахьана йа xIapa а, йа кхунна хууш, ши йоI а кино йахана йацара. Амма бусалба дин долийначу Iаьрбех йолу кино ган лаьара. Делахь а, йоIа шена цу тIехь цхьа гур богIарх а шекволчу воккхачу стага хаьттира:

— Ма-барра, шаьш Iаьрбий, мукъна, буй уьш?.. Йа вайнаш бу царех лелаш?

— ХIан-хIа! Ма-барра шаьш Iаьрбий бу, шайн махкахь, шайн дахар гойтуш.

— Баккъал бах ахь? Воьду со, тIаккха-м! «Со чуьра аравалийта… хьешаца шайна паргIато хилийта деш хир ду цо xIapa… Иза-м новкъа дац», — йоьIан хьесапах кхиъна, сапаргIатделира цуьнан.

— ХIа, дIаэца: ши билет ду хьуна! Лаахь, Джейран а йига! — тIетуьйхира Нурседас.

Анна Львовний, Селитий йелакъежира. «ХIай-й, нажжаз йаI, xlapa хилла-кх и!» — дагатесира Тавсолтина, хьаж тIехь йуха а белхи гуллуш. Джейран кортали а тиллина тохайелира.

— Хьо чохь Iе… хьешашка а хьожуш! — элира Тавсолтас.

— Дика ду. Дика ду! — хIинца чохь йуьсуш а хазахийтира Джейранна: шен Ахатца зама йаккхар кхин а мерзах дара цунна. Амма, йуьхьа тIехь цIийелира иза: эхь хийтира Ахатана хьалха.

— Делахь, цхьаьний гIyo вайша, — аьлла Тавсолтица аравелира Егорыч. Ахатан бIаьргаш ойлане охьадахара.

— Нурседа! Иза хIунда хьажийра ахь оцу кино? ХIун кино йу и? — хаьттира Селитас.

— И-м и вуха веъчахьана, гур дара вайна! — хIиллане йелакъежира Нурседа. Бехха Iийра хIорш, бераш дIа а дийшийна, сакъоьруш, къамелаш деш.

Цхьацца керла хIуманаш а, массарна а хуу хилларш а кегийна девллачул тIаьхьа, къамел адамийн оьздангаллех а, догцIеналлех а тасаделира. Селитина къасто лиира: муха хила веза-техьа стаг шен кийрахь гIуьттучу лааршца, вуьззина догцIена а вуьсуш оьздангаллин барама чуьра а ца волуш? Ткъа Нурседас дийца даьккхинера: хIораннан а мел ницкъ кхочу-те шен кхоллам билгалъбаккхарехь. Массо а резахилира, и ший а хаттар вовшахтосуш, Анна Львовнас далийнчу хьесапна:

— XIopа стаг а декхарийлахь ву шен кийрахь гIуьттучу лааме ладогIа: Iаламан ницкъаца хуьлда иза йа дахаран Iамарца хуьлда. Амма царалахь, хьекъалца литтича, оьздангаллина дуьхьал а ца догIуш, йукъараллин хьашташний, шен кхиарний, могушаллиний пайдехь дерш кхочушдан деза; харцахьара лаарш, кхетаман ницкъаца хьаьшна, кIелдита деза. Оцуьнца йу адаман коьртачех цхьа башхалла. Вуьшта, оьздангалле а ца хьоьжуш, шен дегIан лаамехьа ваьлла стаг, адамаллех волуш, хьайбанан амалшка воьрзу.